‏ Hebrews 13

Дела реза муха вийр ву вай

1Шайн динан вежаршка болу безам даим латтабе. 2 aХьаша тӀеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тӀе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш. 3Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.

4Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дӀадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.

5 bАхчанна тӀаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо,
хьох къаьстар а вац Со».

6 cЦундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча,
со хӀуманах а кхоьрур вац.
ХӀун дийр дара суна стага?»

7Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта. 8Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву. 9Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чӀагӀдар гӀоле ю, хӀума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.

10Вайн сагӀа доккху кхерч бу, цу тӀера хӀума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчеран. 11 dКъинах долчу сагӀина дайинчу дийнатийн цӀий динан коьртачу дас Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо. 12Иштта Ӏийсас а, Шен цӀийца нах базбархьама, гӀалин кевнал арахьа бала лайра. 13Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тӀе а лоцуш. 14Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду. 15Ӏийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагӀа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цӀе хастош болу вешан бертан стом лойла вай. 16Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хӀунда аьлча иштта сагӀанаш Далла тамехь ду.

17Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтӀахь а хила, хӀунда аьлча уьш массо а хенахь шун гӀайгӀа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац.

18Тхох лаций доӀанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цӀена хиларх, хӀунда аьлча массо а хӀуманна тӀехь хьанал хила гӀерта тхо. 19Къаьсттина доьху шуьга доӀа дар, Дала со сиха шайна тӀе юхаверзорах лаций.

ДоӀанца дерзор

20Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала, 21Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хӀума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин.

Дерзоран дешнаш

22Ас доьху шуьга, динан вежарий, хӀокху иракарахӀотторан даше собарца ладогӀар, яздинарг башха дукха а дац. 23Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргӀатваьккхина. Иза кестта схьавагӀахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду.

24Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга.

25Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.
Copyright information for CheCAC2012