‏ Hebrews 2

Сийлахь кӀелхьардовлар

1Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама. 2Нагахь маликашкахула аьлла дош чӀогӀа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогӀарна а таӀзар деш а хилча, 3таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира. 4И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тӀе а чӀагӀдира, Шен лаамца Шен Са дӀаса а даржош.

КӀелхьардовларан баьчча

5Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне. 6 aМелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина: «Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача?
Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?
7Цхьана ханна маликашна хьалха лахви Ахьа иза.
Юха, сийлаллин таж а делла, вазвина иза
...вазвина иза – цхьадолчу тептарш тӀехь: Айхьа диначунна тӀехь куьйгалла дан хӀоттий иза.
.
8Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа».

Дерригенна а тӀехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хӀумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.
9Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама. 10ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.

11Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала. 12 cЦо боху: «Хьан цӀе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса,
Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».

13 dКхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву».

Кхин а: «ХӀара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».

14И бераш дилханах а, даьӀахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Ӏожаллина тӀехь ницкъ болу иблис эшорхьама а, 15Ӏожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргӀатбахархьама а. 16 eХӀунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гӀо ца до Цо, амма ИбрахӀиман тӀаьхьенна гӀо до. 17Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан. 18Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.
Copyright information for CheCAC2012