‏ Hebrews 4

1Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта. 2Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тӀе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо. 3 aЦу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хӀунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира,
синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».

Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь.
4 bДелан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхӀалгӀачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира».

5 cКхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш». 6Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догӀарна. 7 dЦундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
дуьхьал ма довлалаш».

8 eНагахь санна ЮшаӀа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хӀумма а аьлла хир дацара. 9Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу. 10 fХӀунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гӀуллакхех паргӀатваьлла, Дела Шен гӀуллакхех паргӀат ма-валлара. 11Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.

12Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агӀор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьӀахкех тӀум а дӀа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. 13Чохь са долу хӀума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бӀаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.

Ӏийса динан сийлахь коьрта Да ву

14Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай. 15ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а. Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.16

Copyright information for CheCAC2012