bАрадаккхар 28:1.
Hebrews 5
1Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а. 2Динан коьрта да хӀума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кӀеда хила тарло, хӀунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь. 3 aЦундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх. 4 bЦхьа а шен лаамца хӀуттур вац динан коьрта да. Дала тӀекхайкхина хила веза иза, АхӀарон санна. 5 cИштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тӀе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КӀант ву,тахана Хьан Да хили Сох».
6 dДелан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо
Малки-ЦӀадакъин даржехь».
7 eЛаьтта тӀехь долчу Шен дахарехь Ӏийсас чӀогӀачу белхарца а, бӀаьрхишца а доӀанаш а, дехарш а дора Ша Ӏожаллех кӀелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дӀахезира Цуьнан доӀанаш, хӀунда аьлча Ӏийсан Деле болу ларам боккха бара. 8Ша Делан КӀант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Ӏемина Иза Далла муьтӀахь хила. 9Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а. 10Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.
Динах юхаваларх ларвалар
11Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета. 12 fХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта. 13ХӀинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хӀунда аьлча иза бер долу дела. Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.14
Copyright information for
CheCAC2012