‏ Hebrews 6

1 2Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай. 3Вай иза дийр ду, Дала вайна магийтахь.

4Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, 5Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш, 6тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а ба̄халур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.

7Кест-кеста шена тӀедогӀуш долу догӀа дӀа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду. 8 aТкъа баьӀаш а, къух а бен шена тӀехь ца кхуьу латта Дала неӀалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цӀаро дагор ду.

9Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх – и некъ кӀелхьардовларна тӀебоьду. 10ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а. 11Тхуна лаьара, шух хӀораммо иштта шайн тӀедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама. 12Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна.

Делан ваӀданаш хийцалург цахилар

13ИбрахӀимна Ша ваӀда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела. 14 bЦо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тӀаьхье а лур ю». 15Собарца хьоьжуш а Ӏийна, Дала шена лур ду аьлларг схьаийцира ИбрахӀима. 16Наха шайл а доккхачу хӀуманах дуй боу, цу дуйно, аьлларг чӀагӀ а дой, муьлхха а къовсам дӀабоккху. 17Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваӀда динарг кхочун долчарна дӀахаийта лууш. 18Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама. 19 cИ дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зӀе ю. Делан стигалийн цӀа чохь йолчу кирхьанна тӀехьа дӀайоьду иза. 20 dОцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.
Copyright information for CheCAC2012