‏ Hebrews 7

Веза Воккхачу Делан динан да Малки-ЦӀадакъа

1 aМалки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас. 2Ша тӀамехь мел даьккхинчух уьтталгӀа дакъа цунна дӀаделира ИбрахӀима. Малки-ЦӀадакъин цӀе ши маьӀна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгӀа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду. 3Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.

4Шуна го, шен тоьллачу хӀонсах уьтталгӀа дакъа ИбрахӀима делларг мел сийлахь ву. 5 bЛевин тӀаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгӀа дакъа схьаэца, ИбрахӀимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь. 6Малки-ЦӀадакъас, ша Левин тӀаьхьенах вацахь а, ИбрахӀимера уьтталгӀа дакъа схьа а эцна, Дала чӀагӀо йина волу иза декъалвира. 7Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан. 8УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах – иза дийна ву аьлла. 9Ала мегар ду, уьтталгӀа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахӀимехула и уьтталгӀа дакъа делла. 10ХӀунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахӀиман цӀийца вара, Малки-ЦӀадакъа цунна дуьхьалвеача.

11Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш? 12Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гӀуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу. 13Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогӀуш ву, царах цхьа а сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гӀуллакх деш ца хилла. 14Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхӀудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хӀумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.

Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан да

15Иза кхин а чӀогӀа билгалдолу, Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча. 16Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву. 17 cХӀунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо
Малки-ЦӀадакъин даржехь».

18Цхьана агӀор хьалха тӀедиллина хилла парз дӀадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна, 19(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.

20Дала чӀагӀо ярца хилла ду и гӀуллакх. Вуьш, цхьа а чӀагӀо ца еш, динан дай хиллехь а, 21 dӀийса чӀагӀо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чӀагӀо йина,
ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза:
„Гуттаренна а динан да ву Хьо“».

22Цунах гуш ду Ӏийса тоьллачу бертан закъалт хилар.

23Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга. 24Ткъа Ӏийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гӀуллакх дар а хедар доцуш ду. 25Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.

26Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цӀена а, къинош летийначарах дӀакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а. 27 eДинан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла. 28Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хӀиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тӀаьхьа еанчу дуйнан чӀагӀоно динан коьрта да хӀоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КӀант.
Copyright information for CheCAC2012