Hebrews 8
Вайн динан коьрта Да волу Ӏийса
1 aВай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хӀара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гӀантана аьтту агӀор Ӏаш динан коьрта Да ву вайн. 2Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза. 3Динан муьлхха а коьрта да тайп-тайпана сагӀанаш даха дезаш ву, цундела вайн динан коьртачу Ден а хила деза сагӀина схьадан хӀума. 4ХӀинца Иза лаьтта тӀехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хӀунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагӀанаш дохуш болу динан дай. 5 bЦара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу ▼▼...кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу – я иштта: Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу гӀирсашца бен ца хуьлу. Уьш стигалахь долчун кепах тера бен дац, церан ӀиндагӀ бен дац.
. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ӀиндагӀ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тӀехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а». 6Кхечу динан дайшка деллачул а Ӏийсага делла динан гӀуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гӀолехь бу, иза тоьллачу чӀагӀонашна тӀехӀоттийна болу дела. 7Нагахь санна хьалха бина барт кхачамбацар доцуш хиллехьара, шолгӀаниг оьшур а бацара. 8 dАмма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, –Аса Исраилан цӀийнаца а,
ЯхӀудан цӀийнаца а
керла барт бен долу.
9Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь,
Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза.
ХӀунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира,
цундела со дӀавирзина царна тӀера, – боху Везачу Эло.
10Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца,
хӀара денош дӀадевлча, – боху Везачу Эло. –
Айса тӀедуьллург церан кортош чу дуьллур ду,
церан дегнаш тӀехь яздийр ду Аса.
Со церан Дела хир ву,
ткъа царах Сан халкъ хир ду.
11ХӀораммо а шен уллорачунна а,
шен вешина а хьоьхур дац:
„Веза Эла вовза“, – бохуш.
ХӀунда аьлча массарна а,
хьалдолчунна тӀера
къечунна тӀекхаччалц,
Со вевзар ву.
12Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву,
церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
13Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дӀадолу.
Copyright information for
CheCAC2012