aЯрми-ЯхӀу 31:31-34 (Грекийн).
Hebrews 8:8-12
8 aАмма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, –Аса Исраилан цӀийнаца а,
ЯхӀудан цӀийнаца а
керла барт бен долу.
9Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь,
Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза.
ХӀунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира,
цундела со дӀавирзина царна тӀера, – боху Везачу Эло.
10Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца,
хӀара денош дӀадевлча, – боху Везачу Эло. –
Айса тӀедуьллург церан кортош чу дуьллур ду,
церан дегнаш тӀехь яздийр ду Аса.
Со церан Дела хир ву,
ткъа царах Сан халкъ хир ду.
11ХӀораммо а шен уллорачунна а,
шен вешина а хьоьхур дац:
„Веза Эла вовза“, – бохуш.
ХӀунда аьлча массарна а,
хьалдолчунна тӀера
къечунна тӀекхаччалц,
Со вевзар ву.
12Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву,
церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
Copyright information for
CheCAC2012