‏ Hosea 1

1 aЯхӀуд-мехкан паччахьаша Ӏузи-ЯхӀус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхӀус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кӀант волчу ЯрбаӀама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кӀанте ХӀушаӀе Везачу Элера хаам хилла.

ХӀушаӀ-пайхамарна хиллачух лаьцна

2Везачу Эло, ХӀушаӀехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна,
цунах девр долу бераш схьаэца,
тешаме доцуш уьш хир делахь а,
хӀунда аьлча хӀара халкъ чӀогӀа зуламе даьлла,
кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀоьттина,
Везачу Элах дӀадирзина иза».

3Вахана, ХӀушаӀа шена Диблайман йоӀ Гомар ялийна. Берах а хилла, цо ХӀушаӀана кӀант вина. 4 bВезачу Эло ХӀушаӀе элира: «КӀантана, ИзраӀал алий, цӀе тилла. Жимма хан яьлча, ИзраӀалан тогӀи чохь цӀий Ӏанор Аса дӀадоькхур ду ЯхӀу-паччахьан цӀенна. Исраил-махкахь долу паччахьалла дохор ду Аса. 5Цу дийнахь ИзраӀалан тогӀи чохь исраилхойн тӀеман ницкъ бохор бу Аса».

6Гомара, юха а берах а хилла, йоӀ йина. Везачу Эло ХӀушаӀе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“(Ло-Рухьама) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац. 7Делахь а Аса ЯхӀудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаӀодаца а, туьраца а, тӀамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кӀелхьарбохур бу».

8Ло-Рухьама екхачуьра дӀаяьлча, Гомара, юха а берах а хилла, кхин а цхьа кӀант вина. 9Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“(Ло-Ӏами) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац.

10 cАмма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хӀордан гӀум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“– баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга. ТӀаккха яхӀудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дӀа а хӀоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хӀунда аьлча ИзраӀалан
ИзраӀал – – иза «Дала дӀадоь» бохург ду.
де сийлахь хир ду!»11

Copyright information for CheCAC2012