‏ Hosea 10

1Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара,
рогӀ-рогӀехь стом луш долу.
Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра,
цӀушна сагӀа доккху меттигаш а алссам кечйора цо.
Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра,
кхечу деланашна хӀиттийна тӀулгаш а алссам хаздора цо.
2Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду,
церан къиношна доггӀург хӀинца царна дийр ду.
Везачу Эло церан сагӀа доккху меттигаш а хӀаллакйийр ю,
церан цӀушна дӀахӀиттийна тӀулгаш а дохор ду.

3Баккъалла а, кестта оцу халкъо эр ду:
«Вайн паччахь вац,
Везачу Элах вай ца кхийрина дела.
Паччахьо а хӀун дийр дара вайна?»
4Вайн паччахьаша даьсса къамелаш до,
харц а луьйш, чӀагӀонаш а йо,
пайда боцуш болу барташ а бо.
Нийса йоцу нийсо а хьалакхиайо,
аренан хершнаш тӀе йолу дӀаьвше буц санна.

Байт-Аванехь летийна къинош

5Шамран-гӀалин бахархой Ӏадор бу,
Байт-Аванехь волу эса-цӀу
Эса-цӀу – ма-дарра аьлча, тептар тӀехь «эсий» ду. Дукхадолчу ширачу гочдаршна тӀехь «эса» ду.
бахьана долуш.
Цуьнан халкъ цунна тийжар ду,
цунах баккхийбина болу харцдинан дай,
цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу,
и сийлалла халкъера дӀаер йолу дела.
6Цул сов, и эса-цӀу Ашур-махка дӀахьур ву
сийлахьчу паччахьна совгӀатна.
Эпрайман халкъ а юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир ду.
Исраилан халкъана шена, дечиган цӀу бахьана долуш, эхь хетар ду.

7Шамран-гӀалара паччахь вовр ву,
хина тӀехула хӀутту маргӀал санна.
8 bХӀаллакйина хир ю Авайнан
сагӀа доккху лакхенаш –
Исраилан халкъан къинош.
СагӀа доккхучу церан меттигаш тӀе
кӀохцалш а, яраш а евр ю.
ТӀаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДӀахьулдейша тхо!»
Баьрзнашка а доьхур ду: «ТӀеэгийша тхуна!» – бохуш.

ГебаӀ-гӀалахь летийна къинош

9 c
Везачу Эло боху:
«ГебаӀ-гӀалахь леточу хенахь дуьйна
ахь къинош летадо, ва Исраилан халкъ.
Къинош леточуьра ца севци уьш,
ГебаӀ-гӀалахь тӀом тӀекхочур бу царна
сийсазаллех буьзначу оцу нахана дуьхьал.
10Аса сацам бира царна таӀзар дан.
Къаьмнаш царна дуьхьал а девр ду,
цара исраилхой боьхкур а бу,
цара дина шалха зуламаш бахьана долуш».

Бетал-гӀалахь летийна къинош

11«Эпрайман халкъ караӀамийна дуьхьарг санна дара,
ялта арарх доккхадеш долу.
Цуьнан хаза ворта Аса кхоайина.
Амма Аса Эпрайман халкъана дукъ тӀедуьллур ду,
ЯхӀудан халкъо охана дан деза,
Исраилан
Исраил – ма-дарра аьлча, тептар тӀехь «Якъуб» дӀаяздина ду. Иза Исраилан кхин цӀе ю.
халкъо мекха баккха беза.
12 eШайн дегнаш чу нийсонан хӀу таса,
тӀаккха безаман ялта кхуьур ду шуна.
Керла латтанаш а дӀааха,
хӀунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тӀееана.
Ша веанчу дийнахь шуна тӀе
нийсо, догӀа санна, Цо тӀеӀанор ю.
13Аша харцдолчун хӀу а тосура,
зуламан ялта а хьокхура,
мекарлонан стом а боура.
Шаьш дӀакхоьхьучу некъах шу тешарна а,
шайн шортта болчу тӀемалойх шу тешарна а,
14тӀеман гӀовгӀа ер ю хьан халкъана дуьхьал,
хьан массо а чӀагӀонаш йохийна хир ю,
тӀеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гӀала йохийча санна,
шайн берашца наной хьаьшначу хенахь.
Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой,
барам боцуш аша летийначу къиношна.
15

Copyright information for CheCAC2012