a Арадаккхар 4:22; Маттай 2:15.
Hosea 11
1 aТӀом болабелча, воьхна хьийзар вуИсраилан халкъан паччахь!»
Везачу Эло юхаметтахӀоттор ду Исраилан халкъ
«Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ.Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте.
2Со ▼
▼Ӏебархойн маттахь: Уьш. Грекийн гочдар тӀехь: Со.
цаьрга мел кхойкху,уьш Суна генабовлура.
Цара БаӀал-деланашна сагӀанаш а дохура,
цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
3Делахь а Аса-Айса Ӏамийнера эпраймхой когаш тӀе дӀахӀитта.
Сайн карахь лелабора Ас уьш.
Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар
къобалдан ца лаьара царна.
4Адамийн дикаллин тӀийрагашца Аса уьш тӀеийзабора,
безаман машшашца Аса уьш лелабора.
Церан вортана тӀера дукъ хьалаойура Аса.
Охьа а таьӀна, уьш кхобура Аса.
5Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те,
Ашур-мохк церан паччахь хилла дӀахӀуттур-м бац те,
Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?
6Церан гӀаланашна тӀе тур кхетар ду,
кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро,
нах а дӀакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.
7Сан халкъ тешнабехк барна тӀедирзина.
Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а,
Иза баккъалла а ваз ца во цара.
8 cМуха дӀалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ?
Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ?
Удам-гӀалина диннарг дийр ду те Аса хьуна?
Я Цхьабайма-гӀалина диннарг дийр ду те?
Сан дог меттахдаьлла,
мел болу къинхетам самабаьлла.
9ХӀан-хӀа, Сайн оьгӀазе дералла кхочушйийр яц Аса,
Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хӀаллакдийр дац.
Со – Дела ма ву, Со адам ма дац.
Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву!
Дераллица вогӀур вац Со.
10Уьш Везачу Элана тӀаьхьахӀуьттур бу.
Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду.
ТӀаккха, сих а луш, богӀур бу
Цунна тӀе малхбузера кӀентий.
11Сих а луш, юхабоьрзур бу уьш,
Мисар-махкара, схьадогӀу олхазарш санна,
Ашур-махкара, схьадогӀу кхокхарчий санна.
Ткъа Аса уьш шайн-шайн цӀеношка охьаховшор бу».
Иштта боху Везачу Эло.
Къинош а, царах долу таӀзарш а
«Эпраймхоша шайн аьшпашца го бина Суна.Ткъа исраилхоша – мекарлонца бина.
ЯхӀудан халкъ хӀинца а Делаца лелаш ду,
Везачуьнца иза тешаме ду.
12
Copyright information for
CheCAC2012