g Арадаккхар 12:50, 51.
Hosea 12
1Эпрайман халкъ мох бажош ду,дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тӀаьхьадолу иза.
Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо.
Ашур-махкаца барт а бо цо,
Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
2Везачу Эло ЯхӀудан халкъе бехкаш доху.
Якъубан тӀаьхьенна таӀзар дийр ду Цо,
церан некъашка хьаьжжина.
Царна дан догӀург а дийр ду Цо,
церан гӀуллакхашка хьаьжжина.
3 a bНенан кийрахь а волуш, шен вешин кӀажа лецира Якъуба.
Ткъа стаг а хилла ша дӀахӀоьттича, Делах летира иза.
4 cМаликах а летта, кӀел ца висира Якъуб.
Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо.
Беталахь иза карийра Далла,
цигахь цуьнга ▼
▼Грекийн гочдар тӀехь: цуьнга. Ӏебархойн тептар тӀехь: тхоьга.
къамел дира Цо.5Иза массо а ницкъийн Веза Дела вара,
цӀе, «Волуш Верг» аьлла, йоккхура Цуьнан.
6Иштта шу, Якъубан тӀаьхьенах дерш,
шайн Далла тӀедерзийша!
Безамца лелийша, нийсо лелаейша,
шайн Деле даим сатийсийша!
7Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца
нах лебеш хазахеташ ву.
8Эпраймхоша а шаьш хестабо:
«Вай дукха дика даха хевшина,
вай шортта бахам гулбина.
Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац
вай лелийначу къилахь долчунна», – бохуш.
Веза Эла – КӀелхьардохург хилар
9 e«Амма Со шун Веза Дела ву,Мисар-махкара шу арадаьхна волу.
Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу,
яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна.
10Со пайхамаршка вистхуьлура.
Ас дуьхьалхӀуьтту суьрташ а алссам гойтура,
пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора».
Веза Эла – Дела хилар
11ГалӀад-гӀалахь нах цӀушна Ӏамал еш буй?Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хӀуманна тӀе кхочур бац.
Галгал-гӀалахь наха эсий дойу.
Церан сагӀа доккху меттигаш
кхен хершнашкахь гулдинчу
тӀулгийн баьрзнаш санна хир ю.
12 fЯкъуб Арам-мехкан аренашка веддера.
Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора,
зуда ялорхьама, жа а Ӏалашдора.
13 gАмма Везачу Эло пайхамаран гӀоьнца
исраилхой Мисар-махкара арабехира.
Цо уьш Ӏалашбора пайхамарехула.
Эпрайман халкъо Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтина.
Ӏанийначу цӀийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо.
Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.
14
Copyright information for
CheCAC2012