Hosea 13
1Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора.И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь.
Амма, БаӀална Ӏамал ян доладелча,
иза бехке а хилира, дала а делира.
2Исраилхоша хӀинца а шайн къинош совдоху.
Цара шайна лалийна цӀуш бо.
Шайн детих говза йина хӀуманаш бен яц уьш,
ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц.
Оцу нахах олуш ма ду:
«Эсашна сагӀанаш дохучу наха
эсашна барташ боху!»
3И бахьана долуш уьш Ӏуьйренан дохк санна а,
хьалххехь дӀадолу тхи санна а хир бу,
хьаьттара мохо дӀахьоькху ялтин нехаш санна а,
биргӀанан чуьра хьалаболу кӀур санна а.
Веза Эла – КӀелхьардохург хилар
4Везачу Эло боху:«Амма Со шун Веза Дела ву,
Мисар-махкара шу арадаьхна волу.
Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гӀерта.
Со воцург, шу кӀелхьардохург кхин цхьа а ма вац.
5 aЯьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг ▼
▼Шуна уллохь хилларг – Грекийн гочдар тӀехь: шу кхаьбнарг.
Со ма вара,къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.
6Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара.
Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура.
Цундела цара Со вицвора.
7И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна.
Некъан йистехь кӀелхиъна долу цӀокъ санна, кечлур ву Со.
8КӀорнех яьккхина ча санна, тӀелетар ву Со царна.
Шена чохь дог долу церан накха этӀор бу Аса.
Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса.
Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».
Къинош а, царах схьадолу таӀзарш а
9«Аса хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ.ТӀаккха хьан гӀо дийр ду хьуна? ▼
▼Иштта грекийн гочдар тӀехь ду. Ӏебархойн тептар тӀехь: Цо хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ, хьан гӀо Соьгахь ма ду.
10 dМичахь ву хьан паччахь хӀинца?
Цо хьо кӀелхьардаккха ца дезара те?
Массо а хьан гӀаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу?
Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“
11 eАса паччахь велира хьуна Со оьгӀазвахханчохь,
ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.
12Эпрайман халкъан харцонаш схьагулйина ю,
цуьнан къинош дӀадехкина ду.
13Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тӀедогӀур ду цунна.
Иза хьекъал доцу кӀант ву.
Дуьнен чу вала хан тӀееача,
ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.
14 fЭхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те?
Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те?
Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш?
Эхарт, мичахь бу хьан бохам?
Айса динчунна Со дохковер вац!
Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а,
малхбалера онда мох схьахьоькхур бу.
Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогӀур бу.
Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду,
цуьнан хьоста а лекъар ду.
Оцу мохо талхор ду
сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.
15
Copyright information for
CheCAC2012