‏ Hosea 14

1Шамран-гӀалане жоп доьхур ду,
иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела.
Шамранхой туьро эгор бу.
Церан бераш хьоьшур ду,
берах болу зударий а цоьстур бу».

Везачу Эло юхаметтахӀоттор ду Исраилан халкъ

2Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тӀе!
Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо.
3Шайца хӀара дешнаш схьа а эций,
Везачу Элана юхадерзийша.
Иштта алийша Цуьнга:
«Гечдехьа тхан массо а къиношна,
тӀеэцахьа тхан дохкодовларан доӀа,
ткъа оха Хьуна хастамийн сагӀанаш дохур ду.
4Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац.
ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац.
Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“,
хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».

5Везачу Эло иштта боху:
«Сайх дӀаберзарх уьш тобийр бу Аса.
Сайн лаамца безалур бу Суна уьш,
Сан оьгӀазалла царна тӀера дӀаяьлла дела.
6Исраилан халкъана тхи хилла дӀахӀуттур ву Со.
Цо заза доккхур ду, петӀамат-зезаго санна.
Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо.
7Цуьнан зӀийдагаш дӀасаяьржар ю.
Зайт-диттан санна, хир ю цуьнан хазалла.
Ливанунан баганан диттах йогӀург санна,
хаза хьожа йогӀур ю цунах.
8Юха а бирзина, цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр бу уьш.
КӀа санна, денлур бу уьш,
кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу,
Ливанунан чагӀаран санна, церан хьожа хир ю.
9Ва Эпрайман халкъ, цӀушца Сан хӀун бала бу?
Хьан доӀанаш хезаш верг Со ма ву,
Хьо Ӏалашдийриг а Со ма ву,
сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со,
Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».

Чаккхе

10Мила ву хьекъале кху дерригенах кхета?
Мила ву кхетам болуш хӀара дерриг а хаа?
Везачу Элан некъаш нийса ду.
Делаца берш оцу некъашца лела,
ткъа аьрха нах царна тӀе оьгур бу.
Copyright information for CheCAC2012