Hosea 2
1«Шайн вежаршна, „Сан халкъ“(Ӏами) алий, цӀе тилла,ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“(Рухьама) алий, цӀе тилла».
Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь таӀзар дар
2«Кхел яйта шайн нанна,жоьпе озаяйта иза!
Иза Сан зуда ма яц,
ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац.
Шен сийсазлелар дита ала,
шен тешаме ца хилар сацаде ала.
3Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь,
цуьнан бедарш этӀор ю Аса,
нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара,
ерзина а яьккхина.
Иза, яьсса аре санна, дӀахӀоттор ю Аса,
иза, декъа латта санна, йийр ю Аса,
хьагъярца хӀаллакйийр ю.
4Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех,
тешаме доцу бераш уьш долу дела.
5ХӀунда аьлча церан нана тешаме яцара,
уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара.
Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тӀаьххье дӀагӀур ю со,
цара суна бепиг а, хи а, тӀаргӀа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“.
6Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дӀакъовлур бу,
цунна дуьхьал пен дӀахӀоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама.
7Иза шен безаргашна тӀаьхьауьдур ю, амма тӀаьхьакхуьур яц.
Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш.
ТӀаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тӀе дӀагӀур ю со.
Цуьнца долу дахар гӀоле дара сан, хӀинца чул“.
8Цунна ца лаьа къобалдан
ялтий, чагӀаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар,
шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар,
ткъа цо царах БаӀал-цӀу дӀахӀоттийна.
9Ялта чудерзо хан тӀекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта.
Кемсаш хилла яьлча, чагӀар а схьадоккхур ду.
Аса цуьнгара схьабоккхур бу тӀаргӀа а, вета а,
цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.
10Иштта цуьнан дерзина дегӀ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха.
Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.
11Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а,
шеран деза денош даздар а,
бутт цӀинбаларан денош даздар а,
шоьтан денош ларар а –
дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу.
12Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш,
инжиран дитташ а дассор ду.
„Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хӀара“, –
олу цо царах лаьцна.
Аса царах акха боьлак йийр ю,
аренийн акхароша цоьстур йолу.
13Аса таӀзар дийр ду цунна,
БаӀал-цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а,
шен чӀагарш а, туьтеш а шена тӀе а оьхкина,
шен безаргашна иза тӀаьхьалеларна а.
Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло.
Везачу Элан лаам бу Шен халкъ Шена юхадерзо
14«Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дӀа а йигина,цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.
15Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю
цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш.
Сингаттамца йоьзна йолу Ӏахур-тогӀех
сатийсаран неӀ дӀахӀоттор ю Аса.
Цигахь эшарш лоькхур ю цо,
шен къоналлин деношкахь санна,
иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».
Везачу Эло Исраилан халкъ юхаметтахӀоттор
16Иштта боху Везачу Эло:«Оцу дийнахь „сан майра“эр ду ахь Сох,
кхидӀа „сан БаӀал“ ▼
▼БаӀал – Ӏебархойн маттахь иза «олахо» бохуш ду.
эр дац ахь Сох.17БаӀалийн цӀераш цуьнан багара дӀайохур ю Аса,
церан цӀераш кхин йохур яц цо.
18Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца,
стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца.
Ӏаддий, туррий, тӀоммий дӀабоккхур бу Аса цу лаьтта тӀера.
Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.
19Гуттаренна а Сайна тӀеерзор ю Аса хьо.
Нийсо а, бакъдерг а,
хедар боцу безам а, къинхетам а баларца
Сайна ерзор ю Аса хьо.
20Сайна тешаме хиларца тӀеерзор Аса хьо,
Веза Эла волу Со тӀаккха къобалвийр ву ахь.
21Цу дийнахь иштта хир ду, –
боху Везачу Эло, –
Аса стигалан дехарна жоп лур ду,
цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.
22Ткъа ялтин а, чагӀаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду,
ткъа цара „ИзраӀал“– Дала дӀадоь – аьлла, жоп лур ду.
23 bИза Аса Сайна лаьттахь дӀаюьйр ю,
„Къинхетам ца биначух“къинхетам бийр бу Аса.
„Сайн доцучу халкъе“Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“.
Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“– эр ду».
Copyright information for
CheCAC2012