Hosea 3
ХӀушаӀ-пайхамарна хиллачух лаьцна
1Везачу Эло соьга элира: «Вало, юха а еза хьайн зуда, иза кхечунна езахь а, иза сийсаза лелахь а. Еза и зуда, Везачу Элана исраилхой безаш хиларе терра – уьш кхечу деланашна тӀе дӀабирзинехь а, цу деланашна лерина йолу Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш царна езахь а». 2Аса сайна и зуда ялийра, пхийтта дато шекхал ахча а, ворхӀ а, ах а гали мукх а белла. 3Аса цуьнга элира: «Со волчохь дуккха а денош даха. Суна тешаме йоцуш а ма хила, кхечу стагах а ма хьакхало, ткъа со хьох а хьакхалур вац». 4Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагӀанаш, я деланашна хӀиттийна тӀулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цӀуш а боцуш. 5Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.
Copyright information for
CheCAC2012