Hosea 4
Исраилан халкъан къинош а, цара хуьлуьйтург а
1Ва исраилхой, ладогӀал Везачу Элан даше!Везачу Эло кху лаьтта тӀерачу бахархошка иштта бехк боккху:
«Лаьтта тӀехь тешаме хилар а дац,
безам а, Дела вовзар а дац.
2Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий,
вовшийн хӀаллакдаррий, къоланаш даррий,
марехь болчара ямартлонаш яррий тӀехдукха даьржина адамашна юкъахь,
адамийн цӀий Ӏенор а дац хедаш.
3И хӀума бахьана долуш хӀара латта тийжар ду.
Лаьтта тӀехь бехачу массеран а гӀора довр ду.
Аренийн акхарой, стигалара олхазарш,
ур-атталла хӀордан чӀерий а хӀаллакьхир ду.
4Амма цхьа а стаг къийса ма ло,
цхьаммо а важа Ӏора ма ваккха,
хӀунда аьлча хьан халкъ
динан дайшца къийсалуш берш санна ма ду.
5Дийнахь галвер ву хьо, динан да,
ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу.
Иштта хьан нана а дӀасацор ю Аса.
6Сан халкъ дӀасацийна, Со къобал ца варна.
Со къобалвар ахь дӀатесна дела,
ахь Суна, динан дас санна, гӀуллакх дар Аса а дӀатосур ду.
Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела,
Аса а дицдийр ду хьан бераш».
Исраилан халкъана кхел яр а, цуьнга дӀахьедар дар а
7«Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду.Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса.
8Сан халкъо даьхна къинан сагӀанаш а дууш,
церан синош халкъо лелийначу харцонашна тӀегӀерта.
9Халкъана хиндерриг хир ду динан дайшна а.
Цара дӀакхоьхьучу некъе терра дийр ду Аса царна таӀзар.
Церан гӀуллакхашка хьаьжжина, Аса дӀадоькхур ду царна.
10Юур ю цара, амма бузур бац.
Сийсаза лелар бу уьш, амма дебар бац,
хӀунда аьлча Веза Эла волчу Сох дӀабирзина уьш,
11Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш.
Нахаца леларо а, чагӀаро а –
иза шира я керла даьккхина делахь а –
сан халкъан кхетам дӀа ма оьцу!»
Кхечу деланашца а, нахаца а леларна, Исраилан халкъ бехке хилар
12«Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цӀунах,ткъа гӀожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло.
Цатешаме хиларан сино уьш тилийна.
Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина,
Делах дӀабирзина уьш.
13Лаьмнийн баххьашкахь сагӀанаш доху цара,
баьрзнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош,
ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кӀел,
оцу диттийн хаза ӀиндагӀ хуьлу дела.
И бахьана долуш шун йоӀарша а кхахьпалла леладо,
ткъа шун несарий а нахаца лела.
14Аса шун йоӀаршна таӀзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна,
шун несаршна а таӀзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна.
ХӀунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дӀа а дуьйшу,
нахаца лелаш болчу „безачу“зударшца ▼
▼Нахаца лелаш йолу «еза» зуда – и санна йолчу зудчуьнца лелар цӀунна гӀуллакх дар лорура. Кхечу къаьмнашна гергахь иза наха лоруш зуда яра. Цундела цунах «еза» олу.
цхьаьна сагӀанаш а доху аша.Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“»
Исраилан халкъана кхел яр а, цуьнга дӀахьедар дар а
15«Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а,яхӀудхоша ма летадахьара изза къа!
Шу Галгал-гӀала а ма гӀо,
Байт-Аван-гӀала ▼
▼Байт-Аван-гӀала – иза «цӀушна Ӏамалъяран цӀа» бохург ду. Бакъду, иза Бетал-гӀала яра. Ткъа иза «Делан цӀа» бохург ду.
хьала а ма довла.Ма баха, дуйнаш а бууш:
„Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас!“
16ХӀунда аьлча Исраилан халкъ,
аьрха эса санна, къар ца ло.
Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хӀинца
шуьйрачу дежийлахь, уьстагӀий санна?
17Эпрайман халкъ ▼
▼Эпрайман халкъ – кхузахь а, дерриг а ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь а иза Исраилан къилбаседера пачхьалкх бохург ду.
цӀуйх дӀаийна даьлла:бита и исраилхой шайн боьхачу леларехь!
18ЧагӀар мелла бевлча,
нахаца леларна тӀе боьрзу уьш.
Шайн элаша лело сийсазалла
царна чӀогӀа ма деза.
19Шен тӀемаш тӀехь мохо дӀахьур бу уьш,
юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу уьш,
шаьш цӀушна Ӏибадат дина дела».
Copyright information for
CheCAC2012