‏ Hosea 5

Исраилан халкъан къинош а, цара хуьлуьйтург а

1«ЛадогӀа дуьйцучуьнга, динан дай!
Тидам бе, Исраилан халкъан цӀийнах берш!
ДӀахаза, паччахьан цӀа!
Шун карахь ду нийсонца кхел яр –
иштта хӀара кхел шуна дуьхьал йийр ю,
МицӀпа-гӀалахь шух кӀело йина дела,
Табур-ломахь дӀасаяржийна бой санна шу хилла дела.
2Шитимехь акхарой лоцу ор кӀорга аьхкина аша,
амма Аса шуна массарна а таӀзар дийр ду.
3Эпрайман халкъ а девза Суна,
Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла.
ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла,
цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла.

4Цара мел лелийначу вочу гӀуллакхаша шайн Далла тӀе ца боьрзуьйту уьш.
Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла,
цундела Веза Эла царна ца вевзина.

5Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до.
Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна.
ЯхӀудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна.
6Уьш сагӀина шайн уьстагӀий а, стерчий а дахьаш,
Веза Эла лаха арабевр бу,
амма Иза царна карор вац.
Иза царах дӀавирзина.
7Цара къотӀалгӀа бераш а дина,
Везачу Элана ямартло йина.
Ткъа хӀинца деза денош долчу керлачу батто
шайн кхашца цхьаьна цоьстур бу уьш».

Исраилхоша а, яхӀудхоша а летийначу къиношна до таӀзар

8«Коьман маӀаца дӀакхайкхаде ГебаӀ-гӀалахь,
турбанца дӀакхайкхаде Рама-гӀалахь,
орца даккха Байт-Аван-гӀалахь!
Бен-Яман, мостагӀа хьуна тӀаьхьа вогӀуш ву!
9Дала таӀзар динначу дийнахь
Эпраймах яьсса аре хир ю.
Иштта Аса дӀакхайкхийнарг а
шеко йоцуш хир ма ду!

10ЯхӀудан баьччанаш тарбелла лаьттан асанийн дозанаш дӀасатоьттучарах.
Аса Сайн оьгӀазло, тӀехдаьлла хи санна, тӀеӀанор ю царна.
11Эпрайм-мохк а кӀелбитина,
шена йинчу кхело охьатаӀийна иза,
цӀушна тӀаьххье цунна баха лиъна дела,
ткъа и цӀуш кхелли санна ма бу.
12Эпрайман халкъана неца санна хир ву Со,
ткъа ЯхӀудан халкъана мекха хир ю Сох.

13Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а,
ЯхӀудана шена хилла чов дӀагиначу хенахь а,
Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина,
сийлахьчу паччахьна тӀе дехаре дахийтира.
Амма цуьнга шу цамгарх толур дац,
шун чевнна дарба а далур дац.
14ХӀунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву,
ткъа ЯхӀудана къона лом санна хир ву.
Со, уьш цеста а цистина, дӀагӀур ву,
Аса уьш Сайца дӀахьур бу.
Цхьаммо а кӀелхьарбохур бац уьш.
15Со Сайн метте дӀагӀур ву,
шаьш бехке хиларх а кхетта,
Сан юьхь цара схьалаххалц.
Хала киртиг шайна тӀехӀоьттича,
Со леха уьш арабевр ма бу».
Copyright information for CheCAC2012