Hosea 6
Везачу Элана тӀедерзаре шалхо йолу кхайкхам
1Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тӀедерза вай.ХӀунда аьлча Цо вай лаза а дина –
Цо вайна дарба а дийр ду.
Цо йина вайна чевнаш –
Цо уьш дӀа а йоьхкур ю.
2Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай,
кхозлагӀчу дийнахь ира а хӀиттор ду.
ТӀаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь.
3Веза Эла вовзий вайна.
Иза кхин а алсам вовза гӀерта вай.
Цуьнан гучувалар, цӀийъелла Ӏуьйре санна, билггала ду.
Керлачу дахарца вогӀур ву Иза вай долчу, Ӏаьнан догӀа санна,
бӀаьста деанчу догӀано латта тӀадор санна».
Исраилхоша а, яхӀудхоша а летийначу къиношна до таӀзар
4Ткъа Везачу Эло боху:«ХӀун дийр дара те хьуна, Эпрайм?
ХӀун де те хьуна, ЯхӀудан халкъ?
Шун безам Ӏуьйранна хуьлу дохк санна а,
хьалххе дайна дӀадолу тхи санна а ма бу.
5Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора.
Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна.
Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю.
6 aШу тешаме хилар деза ду Суна,
аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел.
Шуна Дела вовзийла лаьа Суна,
Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагӀанел.
7Адам-гӀала йолчохь санна ▼
▼Адам-гӀала йолчохь санна – я иштта: Адамо санна.
, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна.8ГалӀад – Ӏесачийн гӀала ма ю.
Цунна чохь йолу лараш цӀийх юьзна ма ю.
9Динан дайн тоба тера ю
кӀелонехь Ӏуьллуш йолчу талорхойн тобанах.
Шехеме ▼
▼Шехеме – Шехем-гӀала Далла гӀуллакх деш болу левихой беха меттиг яра.
боьдучу новкъахь адамаш дойу.Цара боьха мел дерг леладо.
10Инзаре ирча хӀума гина Суна
Исраилан халкъана юкъахь.
ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла,
цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла.
Хьуна а, ЯхӀудан халкъ, таӀзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина».
Везачу Элана Шен халкъана гӀо дан лаар а, халкъ Цуьнгахьара дӀадерзар а
«Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича,11
Copyright information for
CheCAC2012