‏ Hosea 7

1Аса Исраил-махкана дарба лелийча,
Эпрайман халкъан къинош а,
Шамран-гӀалин зуламаш а гучудовлу.
ХӀунда аьлча цара харцонаш лелайо.
Къуй а бу лелаш.
Талорхой а бу гӀалин урамашкахь талораш деш.
2Царна дага а ца догӀу
Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар.
Шаьш динчу зуламаша хӀинца го бина царна.
Церан къинош Суна хьалха ду.

3Цара шайн зуламечу гӀуллакхашца паччахьан самукъадоккху,
ткъа шайн мекарлонашца паччахьан гонах болчарна там бо.
4Уьш массо а ямартлонех буьзна а, тешаме боцуш а бу.
Церан дералла, цӀиййинчу пешан цӀе санна, дуккха а ханна юьсу,
хьакхийна бод севсачу хенахь
бепиг доттучо пеш йогучуьра сацаяхь а.
5Вайн паччахьан дезачу дийнахь
чагӀар а муьйлий, элий бехий дӀахӀуьтту,
ткъа паччахьо Дела емалвечу нахе куьйгаш дӀакхийдадо.
6Питанаш а деш, цунна тӀекхочу уьш.
Церан дегнаш пеш санна догу,
церан дералла сахиллалц сийсаш йогу,
ткъа Ӏуьйранна иза цӀеяьлла алу санна хуьлу.
7Уьш массо а оьгӀазаллех кхехкаш бу.
Цара шайн куьйгалхой дӀакхоллу.
Церан массо а паччахьаш тӀекӀел охьаэгна,
ткъа цхьа а стаг Соьга гӀо доьхуш ца кхойкху».

Везачу Элана тӀедерзаран метта, Исраилан халкъ кхидолчу къаьмнашна тӀедерзар

8«Эпрайман халкъ вукху къаьмнех дӀаэделла.
Иза буьйда дисинчу баьпках тера ду.
9Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дӀаоьцу,
ткъа цунна иза ца хаало.
Къежделла Эпрайман халкъ,
амма иза ца кхета.

10Массо а и бохамаш адамашна тӀебаьхкина,
хӀетте а шайн Везачу Далла тӀе ца доьрзу уьш,
адамаша Цуьнга гӀо а ца доьху.
Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до.

11Эпрайман халкъ кхокханах тарделла,
иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду!
Цуьнан халкъо Мисар-махке гӀо доьху,
Ашур-махка гӀо деха а доьду иза.
12Уьш тӀехбоьлхучу новкъахь Аса царна тӀе Сайн бой тосур ю.
Стигалара олхазарш санна, Аса уьш охьабохкур бу.
Церан гуламе бечу хааме хьаьжжина уьш нисбийр бу Аса
Грекийн гочдар тӀехь: Цара динчу зуламе хьаьжжина Аса таӀзар дийр ду царна.
».

Везачу Элана Шен халкъана гӀо дан лаар а, халкъ Цуьнгахьара дӀадерзар а

13«Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела.
Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела.
Аса уьш кӀелхьарбохур бара,
ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура.
14Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга,
амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу.
Шайн догӀмашкахь шаьш хеда а деш,
Соьга доьху цара шайна кӀа а, чагӀар а далар.
Ткъа и дарца Сох дӀабирзина уьш.

15Уьш Нисбийриг а, царна ницкъ Лург а Со велахь а,
Суна дуьхьал зуламаш дан дагалецира цара.
16Суна тӀеберзаран метта, гӀийлачу харцдалла тӀебоьрзу уьш.
Шен пхарца гӀокхана тӀе ца кхочу тешам боцу секхаӀад санна бу уьш.
Церан элий туьро хӀаллакбийр бу,
шайн кӀоршаме мотт бахьана долуш.
ТӀаккха Мисаран халкъ доьлур ду царах».
Copyright information for CheCAC2012