‏ Hosea 8

Исраилан халкъо шена бина цӀуш бахьанехь цунна таӀзар дийр ду

1«Орца даккха, хьайн бете коьман маӀа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагӀий Везачу Элан халкъана тӀелета,
хӀунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара,
Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш.
2Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду:
„Сан Дела! Хьо тхуна вевза.
Тхо Исраилан халкъ ма ду!“– бохуш.
3Исраилан халкъ диканах дӀадирзина.
МостагӀа цунна тӀаьхьа вер ву.
4Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дӀахӀиттабора.
Соьга а ца хоьттуш, элий а дӀахӀиттабора.
Шайн детих а, шайн деших а шайна цӀуш бина цара,
амма оцу цӀуйн хӀаллакьхиларан Ӏалашонна бен хир дац иза.
5Шамранан бахархой, шун эса-цӀу витина Аса!
Сан оьгӀазло царна дуьхьал карзахъяьлла.
Уьш мел латта бохку те,
цӀушна Ӏамалъярх цӀанбелла боцуш?
6И цӀу а – Исраилан халкъо дина хӀума ду.
Иза суьрташ дечо ма вина,
цундела иза Дела ма вац.
Шамранан цӀу долу эса дохор ма ду!»

Кхечу къаьмнашца бинчу бартех лаьцна

7«Шаьш-шайна мох кхиийна дела,
цара дарц лахьор ду.
Кенаш доцучу кӀенах
ялта кхуьур дац.
Нагахь санна ялта кхиънехьара,
хийрачу наха иза дӀакхоллур дара.
8Исраилан халкъ дӀакхаьллина яа хӀума санна дӀахӀоьттира.
Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегӀа санна хилира.
9Исраилан халкъ Ашур-махка дӀадахара.
Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна,
Эпрайма совгӀаташ дарца безаргаш шегахьа бохура.
10Цара кхечу къаьмнашна тӀе совгӀаташ кхехьийтинехь а,
Аса уьш кестта схьагулбийр бу.
ТӀаккха уьш гӀелонехь хир бу
сийлахьчу паччахьан куьйгех.
11Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагӀа доккху меттигаш кечйина,
амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дӀахӀиттина.
12Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна,
амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина.
13Суна дийнаташ дайина сагӀанаш а дохий,
оцу дийнатийн жижиг доу цара.
Везачу Элана тамехь дац иза.
Ткъа хӀинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн,
цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таӀзар дийр ду:
уьш Мисар-махка юхаберзор бу».

Исраилан халкъо Веза Эла вицвар

14«Исраилан халкъо паччахьан гӀишлош дӀахӀиттийна,
ткъа ша ДӀахӀоттийнарг цо виц ма вина.
Амма Аса церан гӀаланех цӀе тосур ю,
ткъа оцу цӀеро церан паччахьан гӀишлош дӀакхоллур ю».
Copyright information for CheCAC2012