Hosea 9
Кхечу къаьмнашца бинчу бартех лаьцна
1Исраилан халкъ, кхидолу халкъаш санна,хазахетар тӀехдолуьйтуш доккха ма де.
Хьайн Делах дӀа а дирзина, ахьа кхахьпалла леладора.
Кхахьпанан алапа хьуна дукхадезара
кӀа оруш йолчу массо а хьаьттаршкахь.
2Хьаьттаро а, муттдоккхурго а
исраилхой бузор ма бац.
Кемсийн мутт царна тоьар ма дац.
3Уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь бехар бац:
эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу,
цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю.
4Цара Везачу Элана чагӀаран сагӀа дуттур дац.
Иза резавархьама, дийнатийн сагӀанаш даха церан таро хир яц.
Церан бепиг Везачу Элан цӀа чу дахьа таро йоцу Дела,
иза Далла хьалха боьха хир ду,
и бепиг церан гайна бен кхача хир бац.
И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу,
тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна.
Исраилан халкъо шена бина цӀуш бахьанехь цунна таӀзар дийр ду
5ХӀун дийр ду аша билгалдаьккхинчу дезачу дийнахь а,Везачу Элана леринчу дезачу дийнахь а?
6Бохам болчуьра исраилхой дӀагӀахь а,
уьш Мисар-махко схьагулбийр бу.
Нуп-гӀалин лаьттахь дӀабухкур бу уьш.
Ниттийн дола евр ю церан детин хӀуманаш.
Коканийн кӀохцалш девр ду церан цӀенош тӀехь.
7 aДала таӀзар дийр долу денош тӀекхаьчна,
Везачу Эло хьакъ дерг дӀалур долу денош тӀекхаьчна.
ДӀахоийла иза Исраилан халкъана!
Бетал-гӀалахь летийна къинош
«ХӀара пайхамар сонта ву, – боху цара –Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву».
Делахь а шун мостагӀалла алсамдаьлла,
аша дукха къинош летийна дела.
8Пайхамар сан Далла уллохь ву,
ткъа иза Эпрайман халкъан ха ду.
Олхазарш лецархочун речӀанаш массо а некъаш тӀехь дӀахӀиттийна ю,
ткъа мостагӀалла ур-атталла цуьнан Делан цӀа чохь а ду.
ГебаӀ-гӀалахь летийна къинош
9 bКхоччуш телхина къинош ма летийна цара,ГебаӀ-гӀалахь хиллачу деношкахь санна ▼
▼ГебаӀ-гӀалахь Бен-Яманан тайпанах болчу цхьаболчу исраилхоша левихойн гӀарбаш-зуда хьийзийра. Иза бахьана долуш исраилхой вовшашца тӀом бан буьйлабелира. Цундела дуккха а бен-яманхой белира. ДӀадеша «Куьйгалхой» цӀе йолчу тептаран 19–21 кортош.
.Далла дагадогӀур ду церан къинош.
Церан къинош бахьана долуш, царна таӀзар дийр ду.
БаӀал-ПаӀор-гӀалахь летийна къинош
10 dВезачу Эло боху:«Суна Исраилан халкъ схьакарийча,
яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза.
Суна шун дай гича,
инжиран дитта тӀехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза.
Амма уьш БаӀал-ПаӀорна тӀебахча,
сийсаза долчунна юкъаозабелира.
Иза а дина, шайна везавелла цӀу санна, маьттаза бевлира уьш.
11ТӀемадаьлла олхазар санна,
дӀадовр ду эпраймхойн сийлалла:
дуьнен чу бер а дер дац,
зуда берах а хир яц,
церан кийрахь бераш а кхуллур дац.
12Цара шайн бераш кхиадахь а,
Аса уьш цаьргара схьадохур ду.
Ма доккха къа хир ду-кх церан
Со шайх дӀавирзинчу дийнахь!
13Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна,
исбаьхьачу меттигехь дӀайийна къона хурма санна,
ткъа хӀинца цо шен бераш арадаха деза,
уьш дайъийтархьама.
14Ва Веза Эла, бекхам бехьа царна!
Стенца царна хьакъдерг дала деза Ахь?
Лохьа царна бер ца хуьлу кийра а,
дакъаделла накхош а».
Галгал-гӀалахь летийна къинош
15Везачу Эло боху:«Цара мел деш долу зулам Галгал-гӀалахь долийнера.
Суна циггахь ца дезаделира и халкъ.
Цуьнан зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш,
Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду.
Суна иза кхин дезар дац.
Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу.
16Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду:
цуьнан орам бакъабелла,
цо кхин стом лур бац.
Ур-атталла цара бераш дахь а,
церан кийрара схьадевлларш хӀаллакдийр ду Аса,
мел хьоме уьш царна делахь а».
Сан Дала дӀатоттур ду и халкъ,
цо Шега ла ца доьгӀна дела.
Къаьмнашна юкъахь кхерсташ,
доладелла лелар ду иза.
17
Copyright information for
CheCAC2012