‏ Isaiah 1

1 aӀузи-ЯхӀу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхӀу а ЯхӀуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хӀиттийра.

ЕшаӀ-ЯхӀус дуьйцу Дала Шен халкъах бехк баккхарх лаьцна

2ЛадогӀа, стигалш, ладогӀа, латта, хӀунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кӀентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. 3Старана шен да вевза, вирана шен хӀусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета».

4Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тӀаьхье! Веза Эла дӀа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. 5Шуна кхидӀа а хӀунда таӀзар дан деза? Шу кхидӀа а хӀунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гӀелделла ду. 6Когийн айрашна тӀера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегӀа тӀехь. ДегӀа тӀехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьӀнаш ду. Уьш цӀан ца дина, дӀа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама.

7Шун латта дассаделла, гӀаланаш цӀеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бӀаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тӀелетча санна. 8Цийонан йоӀ
Цийонан йоӀ – иза ю Ярушалайм-гӀала. И гӀала Цийон цӀе йолчу лам тӀехь лаьтташ ю.
го лаьцна йисина ю. Иза лаьтта кемсийн бешахь йолу бун санна, наьрсийн кха тӀехь йолу кхалор санна.
9 cНагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гӀала санна хир дара, Ӏамор-гӀаланах дӀатарлур дара.

10Везачу Элан даше ладогӀа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тӀедиллиначуьнга ладогӀа, Ӏаморера халкъ! 11 dВезачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагӀанаш дахар? УьстагӀий дагоран сагӀанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тӀехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Ӏахарийн а, гезарийн а цӀий Суна тамехь дац. 12Шу Суна дуьхьалхӀитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. 13Ма кхехьа Суна ца оьшу совгӀаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягош, доху сагӀанаш. Бутт цӀинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тӀаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! 14Бутт цӀинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бӀаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кӀадвелла и мохь дӀакхехьа.

15ДоӀанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бӀаьргаш дӀакъовлу, шайн доӀанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийх дуьзна ду. 16Хих довла, цӀанло, шайн зуламе гӀуллакхаш Сан бӀаьргашна хьалхара дӀадаха, вониг ма де. 17Диканиг дан Ӏама, нийсо лелор лаха, гӀело яр сацаде, вон гӀуллакх нийсонца къастаде, йисина Ӏачу зудчун бакъонаш ларъе.

18Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кӀадин таьӀна-цӀен бос санна дӀа ца дахалуш делахь а, ло санна, кӀайдийр ду уьш. Уьш сирла-цӀен бедар санна делахь а, тӀаргӀа санна, кӀайдийр ду. 19Нагахь, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург аша тӀеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша. 20Ткъа, Сох дӀа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дӀакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза.

Къинош летийна гӀала

21Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гӀала хӀинца, кхечу деланашна Ӏамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Ӏаш яра, амма хӀинца цигахь адамаш дойурш бен бац! 22Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагӀар хино талхийна. 23Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хӀуманна тӀаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Ӏачу зудчун гӀуллакх цара къаста ца до.

24Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргӀатвоккхур ву Аса, Сайн мостагӀашна бекхам бийр бу Аса! 25Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тӀера боьханиг дӀадоккхур ду, тӀелеттачух хьо цӀанйийр ю. 26Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тӀаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“а, „Тешаме гӀала“а эр ду».

27Цийон нийса йинчу кхело кӀелхьарйоккхур ю, Далла тӀебирзина цуьнан бахархой кӀелхьарбохур бу, Дала бакъдерг лела а деш. 28Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дӀатеснарш хӀаллакбийр бу.

29Шу юьхьӀаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цӀушна Ӏибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела. 30ГӀа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду. 31Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гӀуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дӀа а ца дойуш.
Copyright information for CheCAC2012