‏ Isaiah 10

1Къа ду зуламе парзаш дечеран а, къиза сацамаш дӀаязбечеран а. 2Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гӀийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Ӏачу зударийн а, байн а долахь дерг дӀадоккху. 3ТаӀзар дечу дийнахь, геннара бохам тӀебеача, хӀун дан дохку шу? Хьаьнга гӀо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша? 4Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.

Ашур-мехкан паччахь Делан герз хилар

5 a«Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгӀазаллин гӀаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Ӏаса ю. 6Ӏесачу халкъана дуьхьал, Со оьгӀазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хӀонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».

7Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Ӏалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хӀаллакдан а. 8Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа? 9КӀаркамиш-гӀалина динарг Хална-гӀалина ца дина те? Арпад-гӀалина динарг Хьамат-гӀалина ца дина те? Дамасакх-гӀалина динарг Шамран-гӀалина ца дина те? 10ЦӀуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цӀуш Ярушалаймехь а, Шамран-гӀалахь а болчу цӀуйл нуьцкъала бара – 11Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гӀалина а, цуьнан цӀушна а диннарг дийр дац Аса?»

12Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а Шен гӀуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таӀзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бӀаьргаш дозаллех буьзна хиларна а».

13Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хӀунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дӀадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргӀано санна аса паччахьаш шайн гӀанташ тӀера чукхиссина. 14Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хӀоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тӀам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гӀаттий, я цхьа а гӀовгӀа а ца йи».

15Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тӀехь олалла дийр дуй те гӀожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те?

16Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тӀемалошна тӀе хӀоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цӀе латор ю, ткъа и цӀе чӀогӀа йогуш хир ю. 17Исраилан Серлонах цӀе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. 18Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хӀаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гӀелваларх тера хир ду иза. 19Бере а дагардаллал кӀезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь.

Бисина исраилхой Далла тӀе берзар

20Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тӀаьхьенах кӀелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Ӏаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. 21Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тӀаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тӀе боьрзур бу. 22 bХӀордан гӀум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тӀе боьрзур бац. Халкъ хӀаллакдан сацам бина, нийса таӀзар къомана тӀехдер ду. 23Халкъ хӀаллакдан Ша дина омра берриг а махкахула кхочушдан воллу массо а ницкъийн Хьалдолу Эла. Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла Ша омра дина хӀаллакдар берриг а махкахула кхочушдан воллуш ву.

Ашуран къомана таӀзар дар

24Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло боху: «Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу Сан халкъ! Ашурхойх ма кхера, цара шуна гӀожмаш тохахь а, цара, хьалха мисархоша санна, шуна ницкъ бахь а. 25Жимма хан яьлча, Сан оьгӀазалла дӀаер ю, тӀаккха Сан дералла уьш хӀаллакбарна тӀейоьрзур ю». 26Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Ӏораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Ӏаса Цо хӀорда тӀехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю. 27Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тӀера Ашуран беза мохь дӀабоккхур бу. Хьан вортанна тӀера дукъ дӀадаьккхина хир ду – хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду.

Хийрачу мехкашкара бӀо тӀелатар

28Ашурхой Ӏаят-гӀалина тӀелетта, МагӀран-гӀаланах чекх а бевлла, Михмас-гӀалахь тӀаьхьалонна дерг охьадуьллу цара. 29Лаьмнех дехьа а бевлла, ГибаӀ-гӀалахь буьйса яккха совцу уьш. Рама-гӀалин бахархой бегош бу, Шаулан ГебаӀ-гӀалахь Ӏаш берш дӀасабевдда. 30Орца даккха, Галлам-гӀалин бахархой! Тидам бе, Лайша-гӀалин бахархой! Жоп ло, Ӏанатот-гӀалин бахархой! 31Мадмуна-гӀалара нах бевдда, Гибаймера бахархой дӀабаха сихбелла. 32Оццу дийнахь Нуб-гӀалахь лаьттар бу уьш. Ярушалайм-гӀалин гуна, Цийон-ломана шайн буйнаш лестор бу цара.

33Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гӀоранца дитташ тӀера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дӀахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду. 34Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю.
Copyright information for CheCAC2012