Isaiah 11
Машаран пачхьалкх
1 aЮшайн ▼▼Юшай – иза Дауд-паччахьан да хилла.
юьхках зӀийдаг хьалаер ю,цуьнан орамех га схьадер ду.
2Везачу Элан Са цунна тӀехь Ӏийр ду.
Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу,
Цо хьехам а, ницкъ а лур бу,
Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву,
Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.
3Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду.
БӀаьргашца гиначуьнга хьаьжна,
цо гӀуллакх къастор дац,
лергашца хезначуьнга хьаьжна,
цо нахана кхел йийр яц.
4 cКъечарна кхел нийсонца йийр ю цо,
лаьттан гӀело хьоьгучеран гӀуллакх
догцӀеналлица къастор ду цо.
ГӀаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца
цо лаьттана еттар ю.
Балдашкахула схьайолучу шен Ӏаьнарца
цо Ӏесанаш бойур бу.
5 dНийсо цуьнан хенаш тӀера доьхка санна хир ю,
тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду.
6 eТӀаккха борз Ӏахарца цхьаьна Ӏийр ю,
цӀокъ буьхьигна уллохь Ӏуьллур ду,
эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду.
Жимачу беро лелор ду уьш.
7Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу,
церан кӀорнеш цхьаьна Ӏохкур ю,
лоьмо, старо санна, ча дуур ду.
8Бер лаьхьанан Ӏуьрга уллохь ловзур ду,
цо шен куьг цуьнан бенна тӀе кховдор ду.
9 fБерриг а Сан безачу лам тӀехь
зен а, зулам а хир дац,
хӀунда аьлча, хино хьалабузу хӀорд санна,
Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта.
Йийсаре дӀабигнарш юхаберзар
10 gОцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю. 11Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дӀакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатӀрус-махкара а, Хуша-махкара ▼▼Хуша-мохк – Хуша аьлла долу латта Нил-хин лакхахьара охьадогӀийла йолчохь Ӏуьллуш долу латта дара. Цунна чудогӀуш дара Мисар-мехкан къилбехь Ӏуьллуш долу латта а, хӀинцалера Судан олучу пачхьалкхана чудогӀуш долу латта а, иштта хӀинцалерчу Эфиопина къилбаседехьа долу латта а.
а, Ӏейлам-махкара а, ШанӀар-махкара а, Хьамат-гӀалара а, хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. 12Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дӀалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дӀасабаржийна яхӀудхой дуьненан еа а маьӀӀера схьакхойкхур бу. 13Эпрайман хьагӀ а дӀаер ю, ЯхӀудан мостагӀалла дӀахедар ду. Эпрайман ЯхӀуде хьагӀ хир яц, ЯхӀуда Эпраймана мостагӀалла лелор дац. 14Эпрайман а, ЯхӀудан а къам, малхбузехьа а дахана, пӀелаштамхошна тӀелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Ӏамминан халкъ муьтӀахь хир ду цушинна. 15 iМисаран хӀордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тӀехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхӀ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кӀархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. 16ТӀаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра.
Copyright information for
CheCAC2012