a Арадаккхар 15:2; Забур 117:14.
Isaiah 12
Баркаллин илли
1Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла.Хьо тхуна оьгӀазвахана хиллехь а,
Хьайн оьгӀазалла дӀаяьккхина,
Ахь тхуна синтем белла.
2 aДела ву тхо кӀелхьардоккхург,
Цунах тхо тешна Ӏаш ду,
тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах,
хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу,
Цуьнан дуьхьа оха илли олу,
Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.
3КӀелхьардовларан хьостана чуьра
хи оьцур ду аша самукъадаларца».
4Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга,
халкъашна Цуьнан гӀуллакхех лаций дийца,
Цуьнан цӀе сийлахь хилар дагадаийта массарна а.
5Иллица хаставе Веза Эла,
Цо сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
ДӀахоуьйла иза дерриге а дуьненахь.
6Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ,
хӀунда аьлча Исраилан Везаниг
хьуна юкъахь сийлахь ву».
Copyright information for
CheCAC2012