Isaiah 13
Бавелна бекхам бар
1 aХӀара бу Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам. 2«Берзинчу лам тӀехь байракх айа, айинчу озаца тӀемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугӀортийта. 3Айса дӀакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тӀемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла. 4ЛадогӀа, лаьмнашкахь гӀовгӀа хезаш ю – адамийн йоккхачу тобанан гӀовгӀа! ЛадогӀа, пачхьалкхашна юкъахь гӀовгӀа хезаш ю – къаьмнаш цхьаьнакхетаран гӀовгӀа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хӀоттош ву, тӀом бархьама. 5Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогӀуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хӀаллакдархьама. 6 bДелха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. 7Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду. 8Уьш кхерабелла хир бу, чӀогӀачу лазарша дӀалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. 9ХӀинца оьгӀазаллица а, йогучу дераллица а тӀедогӀуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тӀера къинош летийнарш дӀабаха а догӀуш ду и де. 10 cСтигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагӀоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. 11Ас дуьненна таӀзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Ӏесачарна шаьш летийначу къиношна доггӀург дийр ду. Ас курачийн дегалла дӀайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду. 12Дийна бисина нах цӀеначу дешил сов кӀезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кӀезиг адамех диснарш дийр ду Ас. 13Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чӀогӀачу оьгӀазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду. 14ТӀаккха хӀорра а, эккхийна сай санна, дӀатесна дитина уьстагӀий санна, шен халкъана тӀе гӀур ву, шен махка водур ву. 15Амма каравеъначунна гоьмукъ чекхбоккхур бу, схьалаьцнарг туьро вожор ву. 16Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цӀеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу. 17Ас царна дуьхьал мадайхой ▼▼Мадайхой – уьш Бавел-махкана къилбаседе-малхбалерачу къомах бу. ТӀаьхьо и къам парсихойн пачхьалкхана чудогӀура.
бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу. 18Церан Ӏедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара. 19 eБавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гӀала, Седам а, Ӏамор а санна, Дала хӀаллакйийр ю. 20Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь цигахь стаг Ӏийр вац. Ӏаьрбичо шен четар а хӀоттор дац цигахь, шайн жеца садоӀуш Ӏуй а Ӏийр бац. 21 fАмма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦӀенош бухӀанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. 22Акха жӀаьлеш угӀур ду дӀатесна йолчу цуьнан бӀаьвнашкахь, ткъа чангӀалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гӀаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац».
Copyright information for
CheCAC2012