Isaiah 14
Йийсаре дӀадигначуьра халкъ юхадерзар
1Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тӀехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дӀакхетар бу, Якъубан тӀаьхьенах хотталур бу уьш. 2Къаьмнаша исраилхошна гӀо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тӀаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь, леш а, гӀарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хӀинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гӀело йиначарна тӀехь цара хӀинца олалла дийр ду.Бавелан паччахьах кхаьрдаш долу илли
3Везачу Эло хьайн баланах а, гӀайгӀанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кӀелхьардаьккхинчу дийнахь, 4Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дӀа ма сецна! 5Ӏесачу паччахьийн олалла гойту гӀаж Везачу Эло кагйина. 6Оцу олахоша шайн оьгӀазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтӀахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. 7Дерриге а дуьнен тӀехь машар а, сашорте лаьтта. Массара а хазахетарца маьхьарий детта. 8Баганан диттийн хьо дӀаваларх самукъадолу, ткъа Ливанунера дитташа хазахетарца боху: „Хьо дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цхьа а ца вогӀу тхо, хедош, охьадетта“. 9Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхӀоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна – дуьнен тӀехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гӀанташ тӀера гӀиттийна цо. 10Цара бохур ду хьоьга: „Тхо санна гӀорасиза висина хьо а! Тхох тар ма велла хьо!“ 11Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хӀинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кӀелахь а, мотт-гӀайба хилла, нӀаьний хир ду, хьуна тӀехула а, юргӀа хилла, нӀаьний хир ду. 12 aСтигалара охьа ма воьжна хьо, Ӏуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! 13 bХьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гӀант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тӀехь охьахуур ву со. 14Стигалан Ӏаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дӀатарлур ву со“. 15Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Ӏинан бухе кхаьчна. 16Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тӀе кхерам тийсинарг, 17гӀаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цӀа ца хецнарг?“ 18Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Ӏохкуш бу, хӀора а шен къубба чохь Ӏуьллуш ву. 19Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Ӏоьттинчарна а, Ӏинан тӀулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Ӏуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. 20Вукху паччахьех дӀакхетар вац хьо кошахь, хӀунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хӀаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тӀаьхье. 21Цуьнан кӀентий байа меттиг кечъе. Уьш хӀаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гӀовтта а гӀевттина, латта дӀа ма лацийта, дуьне гӀаланех хьала ма дузийта».Бавел а, Ашур-мохк а бохор
22«Царна дуьхьал гӀоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цӀе а йойур ю, ерриг а тӀаьхье а, кӀант а, кӀентан кӀант а хӀаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. – 23Бавел зуьнашна дӀалур ю, цигахь уьшал хӀоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дӀайоккхур ю Аса иза», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. 24 cМассо а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду. 25Сайн махкахь ашурхой хӀаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тӀера дӀадер ду, церан белшаш тӀера беза мохь а дӀабер бу». 26Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тӀехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, 27хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дӀадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду?ПӀелаштамхой хӀаллакбар
28 dАхьаз-паччахь веллачу шарахь Делера болу иштта хаам кхечира: 29 e«Доккхадеш ма хила, пӀелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гӀаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дӀаьвше кӀорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хӀоьах кхераме саьрмик хир ма бу. 30Мискачарах уггар кӀезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагӀий санна, кхерам боцуш Ӏохкур бу, амма шун орам, мацалла а хӀоттийна, хӀаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кӀелхьарваьлларг а лийр ву. 31Делха, гӀалин кевнаш! Орца даккха, гӀаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пӀелаштамхой! Къилбаседера, кӀур а гӀаттийна, эскар догӀу, цхьа а гӀийланиг вац цу бӀаьна юкъахь. 32ПӀелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хӀун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гӀала чӀагӀйина дӀахӀоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гӀело хьегначарна дӀалечкъийла карор ю“».
Copyright information for
CheCAC2012