‏ Isaiah 16

Муабин доьхна хьал

1«Вайн лаьттан олахочунна совгӀатна Ӏахарий дахьийта СилаӀ-гӀалара яьссачу аренгахула Цийонан йоӀан лам тӀе». 2Бенаш чуьра ара а кхиссина, кхерсташ лелачу олхазарех тера хир бу Муабин зударий Арнон-хин гечонаш йолчохь.

3«Хьехар лохьа, хӀун дан деза алахьа, – боху муабахоша ЯхӀудан халкъе. – Буьйсанан бодано санна, дийнахь хьайн ӀиндагӀца дӀахьулдехьа тхо, ларбехьа лаьхкина лелош берш, девдда лелаш долу тхо Ӏора ма дахахьа. 4Хьо волчохь Ӏайтахьа сан лаьхкина лелош болу муабахой, хӀаллакбечух йолу дӀалечкъийла царна хилахьа».

Ницкъбийриг дӀавер ву, хӀаллакдар а соцур ду, гӀело йийраш лаьтта тӀера дӀабевр бу.
5ТӀаккха хедар боцучу безаман бух тӀехь паччахьалла дӀахӀоттор ду, Даудан тӀаьхьенах волчу тешамечу паччахьо олалла дийр ду. Иза бакъдерг лоьхуш волу кхелахо хир ву, нийсо лело сихлур а ву.

6«Муабин кураллех лаьцна хезна тхуна, цуьнан деза деттарх а, дозаллах а, чуьравийларх а хезна. Амма цуьнан деза деттар эрна ду».

7Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гӀалара Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду. 8Цу хенахь иштта хир ду: Хьешбон-гӀалина уллора кхаш дакъалур ду, ткъа Сибма-гӀалин кемсийн бошмаш мазакъъевр ю. Кхечу къаьмнийн олахоша бошмийн тоьлла йолу таьллангаш хьоьшур ю. ДӀаяханчу хенахь и таьллангаш ЯӀзир-гӀалина тӀекхаччалц яьссачу ара кхочура, кемсийн таьллангаш, дӀаса а яьржаш, хӀордал дехьайовлуш яра. 9Цундела со а, ЯӀзирера бахархой санна, тийжар ву хӀаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бӀаьрхиш Ӏенор ду ас, Хьешбон-гӀалара а, ЭлиӀала-гӀалара а бахархой, хӀунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гӀовгӀанечу самукъадаларан метта тӀеман маьхьарий детташ ду. 10Токхечу лаьтта тӀера самукъадалар а, доккхадедар а дӀаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дӀасацийна. 11Цундела мерзаша роггӀана дагадо пӀелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. 12СагӀа доккхучу шайн гуна тӀе хьала а бовлуш, муабахоша шаьш кӀадбахь а, шайн деланийн цӀенна тӀе а баьхкина, шаьш доӀанаш дахь а, гӀуллакх хир дац.

13Иза дара Везачу Эло дукха хенахь дуьйна хьалха муабахойх аьлла дош. 14Ткъа хӀинца Везачу Эло иштта боху: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, кхо шо даьлча, Муабин сийлалла дерриг а цуьнан доккхачу халкъаца хӀаллакйийр ю. Бисинарш вуно кӀезиг а, ницкъ боцуш а хир бу».
Copyright information for CheCAC2012