Isaiah 17
Сири-махкана а, Эпрайм-махкана а таӀзар дар
1 aХӀара бу Дамасакх-гӀаланах лаьцна болу хаам. «ГӀаланаш юкъара дӀайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах. 2ӀаруӀер-гӀалина гонах йолу гӀаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дӀакъахко стаг а воцуш, уьстагӀий цигахь Ӏохкур ду. 3Эпрайм-махкара чӀагӀйина гӀаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гӀалара паччахьалла дӀадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. 4Оцу дийнахь иштта хир ду: Якъубан тӀаьхьенан сийлалла дӀаер ю. Хьийкъина дегӀ санна долу и халкъ азлур ду. 5Маьрсахочо, арахь лаьтта кӀа куьйгаца гул а дина, кенаш хедор санна хир ду иза. Репайм тогӀи чохь дисина кӀен кенаш гулдар санна хир ду иза. 6Зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгош санна, хир ду иза. Ши-кхо стом буьххьехь а, я биъ-пхиъ дикачу гаьннаш тӀехь а буьсур бу», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло. 7Цу дийнахь стеган хьажар ша Кхоьллинчуьнгахьа хир ду, цуьнан бӀаьргаш Исраилан Везачу Далла тӀехьажийна хир бу. 8Шайн куьйгашца кечйинчу сагӀа доккхучу меттигашка, гӀо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пӀелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бӀогӀамашка а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчашка а. 9Церан чӀагӀйина гӀаланаш, ясса а елла, хьаннашкахь а, лаьмнаш тӀехь а йолчу харцорех тера хир ю. Оцу гӀаланашна чуьра нах дӀабевдда, исраилхой махкана тӀелеттачу хенахь. Цигахь дерриге а дассийна хир ду. 10Иштта хир ду шуна шайн кӀелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дӀалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тӀера маргӀалш доьгӀна аша. 11Шаьш маргӀалш дӀадугӀучу хенахь аша гӀайгӀа бира уьш кхиийта, Ӏуьйранна цаьрга заза даккхийтира аша, амма ялта гулдечу хенахь цунах хӀумма а хир яц – цамгар а, дӀа ца доьрзу лазарш а бен.МостагӀийн эскарш эшор
12ЛадогӀа! Дуккха а халкъийн гӀовгӀа ю! Ловзабаьллачу хӀордо санна, гӀовгӀа йо цара. Къаьмнийн угӀар ду! Сиха догӀучу доккхачу хин гӀовгӀа санна, ду церан угӀар. 13ГӀергӀаш догӀу доккха хи санна, угӀуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дӀадовду. Мохо лаьмнаш тӀехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш. 14Суьйре тӀееача, кхерам хӀутту, амма Ӏуьйре тӀекхачале мостагӀий дӀабевлла бу. Иштта хир ду вайх хӀонс оьцучарна, и кхаж бер бу вайна талор дечарна.
Copyright information for
CheCAC2012