‏ Isaiah 17:1-3

Сири-махкана а, Эпрайм-махкана а таӀзар дар

1 aХӀара бу Дамасакх-гӀаланах лаьцна болу хаам.

«ГӀаланаш юкъара дӀайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах.
2ӀаруӀер-гӀалина гонах йолу гӀаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дӀакъахко стаг а воцуш, уьстагӀий цигахь Ӏохкур ду. 3Эпрайм-махкара чӀагӀйина гӀаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гӀалара паччахьалла дӀадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012