Isaiah 18
Хуша-махкана таӀзар дарх лаьцна
1 aСагалматийн тӀемийн гӀовгӀанах дуьзна долчу а, Хуша-махкарчу хишна дехьа долчу а лаьттан къа ду. 2Нил-хина тӀехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тӀера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тӀехь хишна тӀехула лела. ТӀах-аьлла векалш, дӀадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тӀе гӀо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. 3Шу дерриш а, дуьнен чохь дехаш дерш! Хьовсалаш, лам тӀехь байракх дӀатоьхча, ладогӀалаш, лоькхучу коьман маӀан аз хезча. 4Везачу Эло аьлла соьга: «Меттах а ца волуш, Со хьоьжу Сайн хӀусамера, малх кхеттачу дийнахь лаьтта йовхо санна, ялта чудерзочу йовхачу хенахь тхин марха санна. 5Кемсаш лахьо хан тӀекхачале, церан заза а доьжна, стом кхиа болабелча, Везачу Эло уьрсаца ца оьшу гаьннаш дӀа а хедийна, дӀакхуьссур ду, маргӀалш а хедор ду. 6Лаьмнаш тӀера дерачу олхазаршна а, аренашкара акхарошна а дуьтур ду дерриг а. Олхазарш аьхкенан заманахь хир ду цигахь, ткъа аренан акхароша Ӏа доккхур ду цу меттехь». 7Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тӀехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагӀанаш.
Copyright information for
CheCAC2012