‏ Isaiah 19

Мисар-махках хиндерг

1 aХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам.

Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу.
2«Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тӀаккха ваша веших а, доттагӀа доттагӀчух а, гӀала гӀаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю. 3Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цӀуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тӀедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тӀегӀур бу уьш. 4Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тӀехь олалла деш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

5Нил-хи а жимлур ду, арахула догӀу хи а, лакъа а лекъна, дӀадер ду. 6Хин татолех вон хьожа йогӀур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргӀалдулур ду. 7Нил-хин бердашна тӀехь йолу ораматаш а, цигахь дӀа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дӀаса а даржийна, уьш кхин хир дац. 8Нил-хи чу мӀара тосуш болчу чӀерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу. 9Ветанах хӀуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КӀади дуцурш гӀайгӀане хир бу. 10КӀадидархой боьхна хир бу, тӀелаьцна белхалой гӀаддайна хир бу.

11ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла. ПирӀунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирӀуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кӀант ву»? 12Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хӀинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хӀун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а! 13ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гӀалара баьччанаш Ӏехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чӀогӀа тӀулг санна хила безнехь а. 14Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хӀуманна тӀехь. Вехна стаг шен Ӏеттораш тӀехула ма-леллара, лелаш бу мисархой. 15Мисар-махкахь цхьаьнгге а хӀума далур дац шен къомана – коьрте а, я цӀогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а.

Мисархоша Веза Эла хастор

16Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. 17ЯхӀуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Ӏадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш.

18Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гӀалахь канаӀанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чӀагӀо а йийр ю. Цхьана гӀаланах «Маьлхан гӀала»
Цхьадолчу ширачу тептарш тӀехь: маьлхан гӀала. Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: хӀаллакьхиларан гӀала.
эр ду.

19Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тӀулг хӀоттор бу. 20И хӀуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дӀахӀуттур ю. Мисархоша, шайна мостагӀаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргӀатбохур бу уьш, царна тӀе уьш кӀелхьарбохург а, гӀодоккхург а вахийтина. 21Везачу Эло Ша вовзуьйтур ву мисархошна, ткъа цу дийнахь мисархоша Иза шайн Дела хилар къобал а дийр ду, Цунна, дийнатан а, кӀен а сагӀанаш а дохуш, Ӏибадат а дийр ду. Везачу Элана нигаташ а дина, уьш кхочуш а дийр ду цара. 22Везачу Эло мисархошна таӀзар дийр ду. ТаӀзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тӀебоьрзур бу. Церан доӀанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо.

23Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богӀур бу, мисархой Ашур-махка гӀур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Ӏамал еш хир бу. 24Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна. 25Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам».
Copyright information for CheCAC2012