‏ Isaiah 2

Дуьнен тӀехь долу машаран паччахьалла

(Мика-ЯхӀу 4:1-3)

1Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хӀоьттира. Цо иштта хаам бора: 2ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду:
Везачу Элан цӀа лаьтташ болу лам
массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу.
Иза массо а баьрзнел лакхабер бу,
цунна тӀе дерриг а халкъаш оьхур ду.
3Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду:
«Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а,
Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду.
Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду.
ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду».
ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу,
ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.

4 aЦо къаьмнашна юкъахь маслаӀат дийр ду,
дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу.
ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу,
ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду.
Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац.
Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.

5Яло, Якъубан тӀаьхье! Везачу Элан серлонехь лелар ду вай.

Дегалла дӀаяккхар

6Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тӀаьхье, дӀа ма тесна, хӀунда аьлча нах малхбалера долчу Ӏадатех буьзна бу, пӀелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тӀекаре ю церан. 7Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дӀалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гӀудалкхаш а ю. 8Цуьнан латта цӀуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Ӏибадат деш бу и нах.

9ХӀора адамо царна хьалха ша лахдо, хӀора стаг царна охьатаьӀа. Царна геч ма дехьа!

10 bХьехашна чу а гӀой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. 11Стеган лакхара хьажар охьатаӀийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. 12Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догӀур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаӀор бу. 13И де догӀур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а, 14дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а, 15муьлххачу а лекхачу бӀаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а, 16Таршашан дерриге а хӀордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. 17Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаӀийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, 18ткъа цӀуш гуттаренна а дӀабевр бу.

19Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. 20Цу дийнахь стага ша Ӏибадат дан бина дато а, дашо а цӀуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дӀакхуьйсур бу, 21тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача.

22Стагах бӀобулий ма Ӏе – мерӀуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тӀетовжа йиш юй ткъа?
Copyright information for CheCAC2012