Isaiah 20
Пайхамаран верзина леларан билгало
1Ашур-мехкан паччахьо Саргуна ваийтина волу тӀеман коьрта хьаькам Ашдод-гӀалина тӀе а летта, иза схьаяьккхинчу шарахь хӀара хилира. 2Оцу хенахь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Везачу Эло тӀедиллира билгалонна цхьа хӀума дар. Цо элира: «Ваха а гӀой, хьайн гӀодаюкъ а ястий, хьайна тӀера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Ӏуьйра а лелара. 3ТӀаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаӀ-ЯхӀу кхаа шарахь верзина а, когаш Ӏуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана ▼▼Хуша-мохк – Хуша аьлла долу латта Нил-хин лакхахьара охьадогӀийла йолчохь Ӏуьллуш долу латта дара. Цунна чудогӀуш дара Мисар-мехкан къилбехь Ӏуьллуш долу латта а, хӀинцалера Судан олучу пачхьалкхана чудогӀуш долу латта а, иштта хӀинцалерчу Эфиопин къилбаседехьа долу латта а.
а хиндолчунна билгало яра. 4Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дӀабуьгур бу. Берзина а, когаш Ӏуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. 5Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьӀаьржа а хӀуьттур бу. 6Цу дийнахь хӀордан кху йистехь бехаш болчу бахархоша эр ду: „Вайн шайх дегайовхо хилла а, Ашур-мехкан паччахьах кӀелхьардовла гӀо дехна а болчарна хӀун хилла хьажал! Вай муха девр дара кӀелхьар?“»
Copyright information for
CheCAC2012