‏ Isaiah 21

Бавел-гӀала йожар

1ХӀара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам.

Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугӀерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара.
2Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву.

Ӏейлам, тӀамца тӀегӀо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дӀасацор ду.

3Оцу балхо Ӏадийначу сан дегӀан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со. 4Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркӀаженах къемат хилла суна.

5Той кечдеш, охьаховша кузаш даржош – дууш а, молуш а бу нах. «ХьалагӀовтта, хьаькамаш, турсаш тӀе силам хьакха!»

6ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта аьлла соьга: «Ваха а гӀой, хехо хӀоттаве. Шена гуш дерг схьадийцийта цуьнга. 7Говрашна а, варрашна а, эмкалшна а тӀехь, шишша цхьаьна улло а хӀиттина, богӀу дошлой шена гича, цуьнга леррина ладогӀийта а, чӀогӀа тидам байта а».

8Хехочо мохь хьаькхира: «Сан олахо! БӀаьвнехь лаьтташ ву со де дийне мел дели, иштта хӀора буса а ха деш ву со. 9 aШишша цхьаьна хӀиттина богӀуш дошлой а, схьабогӀуш нах а бу». Цул тӀаьхьа цо элира: «Бавел-гӀала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Ӏохкуш ду».

10Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дӀакхайкхийна ас.

Эдом-махках болу хаам

11ХӀара бу тийналлин махках
Тийналлин мохк – иза «Эдом-махках» хиндерг дӀайоьллу цӀе ю.
болу хаам.

СеӀир-мехкашкара схьа мохь бетта соьга: «Хехо! Буьйсанан мел хан йисина? Хехо! Буьйсанан мел хан йисина?»

12Хехочо жоп ло: «Ӏуьйре ю тӀейогӀуш, амма иштта буьйса а ю. Нагахь шайна лаахь, кхин цкъа схьа а дуьйлий, соьга хатта».

Ӏаьрби-махках болу хаам

13ХӀара бу Ӏаьрби-махках болу хаам.

Дадданхойн къепалш, Ӏаьрби-махкарчу боьлакашкахь буьйса яккха дезар ду аша.
14Тейма-махкара бахархой! Хьогах болчарна дуьхьал хи хьо, шайн махкара бевдда богӀучу нахана баьпкаца дуьхьалдовла, 15хӀунда аьлча уьш даьхначу таррех а, озийначу Ӏедех а, тӀеман къизаллех а бевдда боьлху.

16Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю. 17Къедархойн майра тӀемалой болчу Ӏадкхуссурхойх кӀеззиг берш бен дийна буьсур бац», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012