Isaiah 22
Ярушалаймах болу хаам
1ХӀара бу хӀоттийначу суьртан тогӀих болу хаам. Шун бахархошна хӀун хилла, уьш берриш а тхевнаш тӀе хьала хӀунда бевлла, 2гӀовгӀане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гӀала? Хьан хӀаллакьхилларш туьро а ца байина, тӀамехь а ца белла. 3Берриге а хьан тхьамданаш цхьаьна бевдира, амма уьш, Ӏад а ца кхуссуш, лийцира. Уьш берриш а йийсаре кхаьчна, мел гена бевдда хиллехь а. 4Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гӀерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш». 5ХӀоттийначу суьртан тогӀи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гӀалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду. 6Шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а Ӏейлам-махкара тӀемалой тӀебогӀу, тӀом бан Ӏад-беттанаш а яхьаш. Кхир-махкарчу тӀемалоша турсаш кечдина. 7Хьан тоьлла йолу тогӀеш гӀудалкхех юьзна а ю, кевнна дуьхьал лаьтташ дошлой а бу. 8ТӀаккха Везачу Эло ЯхӀудан къомера лардар дӀадаьккхира. Оцу дийнахь шу хьоьжуш дара Ливанун-мехкан хьун цӀе йолчу паччахьан цӀа чохь Ӏалашдеш долчу герзашка. 9Шуна гира Даудан гӀалин пенашна даьхна Ӏуьргаш. Лахарчу Ӏома чохь хи гулдеш дара шу. 10Ярушалаймерчу цӀеношка а хьаьжна, шаьш къастийна цӀенош дохийра аша, гӀалин пенаш чӀагӀдархьама. 11Ширачу Ӏома чуьра хи, схьа а эцна, Ӏалашдархьама, шина пена юккъехь меттиг кечйира аша. Амма и дерриге а Хилийтинчуьнга шу ца хьоьжура, дуккха а хьалха и гӀуллакхаш кхочушдан Къастийначун тидам ца бора аша. 12Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дӀахедае а, шайна тӀе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. 13 aАмма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагӀий а дойуш, жижиг дууш а, чагӀар молуш а дара. «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела» – бохура аша. 14Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХӀокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дӀадовллалц», – чӀагӀо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.Шибне дӀахьедар дар
15Иштта боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло: «Ваха а гӀой, паччахьан цӀийнан хьаькаме Шибне дӀаала: 16„Хьан кхузахь хӀун ду я мила ву, кхузахь ахь хьайна къубба яьккхина хила? Хьажал, цо шена лекхачу меттехь къубба яьккхина, тархах шена садаӀаран цӀа аьгна! 17ЛадогӀа, хьайх майраниг аьлла цӀе йоккхург, Везачу Эло хьо дӀакхуссур ма ву! Хьо чӀогӀа схьалоцур ву Цо. 18Хьарчийна, хьох ларча а йина, Цо доккхачу лаьтта тӀе кхуссур ву хьо. Цигахь хьо лийр ву, хьан исбаьхьа гӀудалкхаш а хир ю. Хьан олахочун цӀенна хьо эхье хӀума ма ю! 19Аса, хьайн меттера дӀа а ваьккхина, даржах вохор ву хьо“. 20Оцу дийнахь Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Сайн лай волу Элъякъим тӀекхойкхур ву Ас. 21Хьан духар цунна тӀе а дуьйхина, хьан доьхка цунна юкъах а дихкина, хьан дарж цунна дӀалур ду Ас. Ярушалайман бахархошна а, ЯхӀудан тӀаьхьенна а да хир ву иза тӀаккха. 22 bДаудан тӀаьхьенах волчу паччахьан цӀийнан догӀа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц. 23Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чӀагӀвийр ву Ас иза. Шен ден цӀийнан сий ойур ду цо. 24Цунна тӀехь кхозуш хир ду цуьнан ден цӀийнан дозалла, цуьнан бераш а, церан бераш а цу чу а догӀуш. Цуьнан хьостамна тӀехь массо а пхьегӀа кхозуш хир ю – боганашна тӀера кхабанашна тӀекхаччалц. 25Цу хенахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тӀехь кхозуш дерг, доьхна, дӀадер ду». Иштта боху Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012