Isaiah 23
Цора-гӀаланах болу хаам
1 aХӀара бу Цора-гӀаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богӀу кемалелорхой, Цора-гӀала йохийна йолу дела. Цуьнан цӀенош а, хӀордкеманаш тӀедогӀийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. 2ГӀайгӀане хила, хӀордан йистера бахархой! ХӀорда тӀехула лелаш болчу ЦӀадан-гӀалара совдегарша шу хьаладузура. 3Шихьор-хин уллора кӀа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тӀехула цу гӀали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гӀаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира.4Эхь хета, ЦӀадан-гӀала, хӀунда аьлча хӀордо – хӀордан чӀагӀоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кӀентий а, йоӀарий а ца кхиийна ас». 5Мисархошка хабар дӀакхаьчча, Цора-гӀаланах дерг а хезна, холчу хӀуьттур бу уьш. 6Таршаш-махка дӀакхалха! ХӀордан йистехь бехаш берш, белха! 7Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хӀетахь йоккхаеш йолу шун гӀала хӀара юй? Генарчу мехкашкахь Ӏархьама, цу гӀалара нах хьалха лелаш хилла. 8Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дӀасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гӀалина хьанна дагадеана иза? 9Массо а ницкъийн Везачу Элана дагадеана, сийлаллин деза деттар дохорхьама а, дуьнен чохь цӀеяхана берш кӀезиг хетийтархьама а. 10Нил-хи санна, паргӀат лела шайн лаьттахула, Таршаш-мехкан бахархой, кхин новкъарло яц шуна. 11Шен куьг хӀорда тӀехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаӀан-мехкан гӀепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло. 12Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоӀстаг санна йолу ЦӀадан-гӀала! Хьала а гӀовттий, Хитам-махка гӀо, гӀалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна». 13Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Ӏаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тӀеман бӀаьвнаш дӀа а хӀиттийна, мехкан гӀепаш йоха а йина, царах харцораш йинера. 14Белха, Таршаш-мехкан кемалелорхой! Шун гӀап йохийна. 15Хан тӀекхочур ю, Цора-гӀала кхузткъе итт шарна – цхьана паччахьан оьмаран ханна – йицлур йолу. Ткъа кхузткъе итт шо чекхдаьлча, Цора-гӀалина эшарехь дуьйцучу кхахьпанна хилларг хир ду: 16«Хьайн мерз-пондар схьа а эций,
гӀалахула долало, дицделла кхахьпа!
Эшарш дика лакха,
хьо дагаяийта».
17Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гӀала, таӀзар динчул тӀаьхьа паргӀатйоккхур ю. И гӀала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш. 18Везачу Элана дӀакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДӀа а къевлина, Ӏалашдеш хир дац гулдинарг, хӀунда аьлча Везачу Элана уллохь Ӏаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хӀума яийтархьама а, дика бедар тӀейохийтархьама а.
Copyright information for
CheCAC2012