‏ Isaiah 24

Дерриге а Лаьттана таӀзар дар

1Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тӀера бахархой дӀасабаржор бу Цо. 2Халкъана хиндерг динан дена а хир ду, ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамдена а хир ду, зуда-ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамнанна а хир ду, оьцучунна хиндерг юхкучунна а хир ду, духалург доьхучунна хиндерг духалург лочунна а хир ду, ял лочунна хиндерг ял йоккхучунна а хир ду. 3Латта дассийна а, чӀана даьккхина а хир ду, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара дош аьлла.

4Латта латкъам беш а, лекъаш а ду. Дерриге а дуьне гӀеллуш а, маргӀалдулуш а ду. Лаьттан халкъан лекханаш а гӀеллуш бу. 5Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хӀунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора. 6Цу бахьанина латта неӀалто дӀакхоллу, ткъа цунна тӀехь Ӏаш болчара шайн къиношна доггӀург дӀакхоьхьу. Цу бахьанина лаьтта тӀера бахархой морцуш бу, цхьа кӀезиг бен ца буьтуш. 7Къона чагӀар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргӀалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хӀинца гӀайгӀане бу. 8Вотанашца самукъадаккхар а дӀадаьлла, самукъадолучийн гӀовгӀа а сецна, пондарийн аьзнаш а дӀатийна. 9Эшарш а лоькхуш, наха кхин чагӀар ца молу. Молучийн ниха а къаьхьа ду. 10Яссаелла гӀала йохийна ю, цӀенош саьлнаша дӀакъевлина ду, чуваха аьтто боцуш. 11ЧагӀар ца хиларна, маьхьарий детташ бу урамашкахь нах, муьлхха а хазахетар кхоьлина ду, муьлхха а самукъадалар лаьтта тӀера дӀаэккхийна. 12ГӀала яссаелла ю, гӀалин ков а доьхна Ӏуьллуш ду. 13Массанхьа а дуьненахь, дерриге а къаьмнашна юкъахь иштта хир ду. ТӀаьххьара стоьмаш зайт-диттан тӀера эгорхьама, дитташ тӀе гӀожмаш тохар санна хир ду. Кемсаш схьалахьийча, цхьайолу кемсаш бен ца йисча санна хир ду.

14Синкъерамца шайн аз ойур ду бисначара, малхбузера Везачу Элан возаллех мохь тухур бу цара. 15Хаставе Веза Эла малхбалехь, хӀордан йистехь долчу латтанаш тӀехь хастае Везачу Элан, Исраилан Делан, цӀе. 16Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!»

Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидӀа Ӏехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу».
17Ӏадор а, ор а, гур а бу хьуна, лаьтта тӀера вахархо! 18Ӏадоран маьхьарх веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву. Стигалара, неӀарш дӀа а йиллина, Ӏовраш чухоьцур ю, лаьттан бух бегалур бу. 19Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чӀогӀа дегош ду. 20Вехна стаг санна, лесташ ду латта, ага санна, техкаш ду иза. Цуьнан аьрхалла, беза мохь санна, ю цунна тӀехь тоттуш. Цкъа охьадоьжна долу иза кхин гӀоттур дац.

21Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а. 22Цхьаьна а тоьхна, тутмакхаш санна, ор чу боьхкина а, набахти чу боьхкина а хир бу уьш. Дуккха а денош дӀадевлча, таӀзар дийр ду царна. 23Бутт а цӀийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь болчу Цийон-лома тӀера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду.
Copyright information for CheCAC2012