Isaiah 25
Веза Эла хастор
1Веза Эла! Хьо сан Дела ву.Аса вазвийр ву Хьо, Хьан цӀе хастайийр ю,
Ахьа тамашийна гӀуллакхаш дина дела.
Тоххара дуьйна Ахьа бина сацамаш,
Ахьа ма-аллара, иштта кхочушбира.
2Ахьа гӀаланах тӀулгийн оьла йина,
чӀагӀйинчу гӀаланах саьлнаш йина,
хийрачу къоман гӀопах гӀала йоцург йина.
И гӀала цкъа а юхаметтахӀоттийна хир яц.
3Цундела нуьцкъалчу халкъо Хьо лорур ву,
буьрсачу къаьмнийн гӀала Хьох кхоьрур ю.
4Мискачунна Хьо волчохь дӀалечкъийла хилла,
холчохь волчу гӀийлачунна Хьо кӀелхьарвала меттиг хилла.
Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла,
йовхо еанчу хенахь Хьо ӀиндагӀ санна хилла,
хӀунда аьлча буьрсачу нехан садеӀар
пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду,
хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду.
5Хийрачу нехан чуьрабийлар сацийна Ахьа.
Мархин ӀиндагӀо йовхо дӀаяккхар санна,
буьрсачу нехан баккхийбер дӀадаьккхина Ахьа.
Дала той кечдар
6Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тӀехь массо а халкъан той хӀоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагӀар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагӀар шира а, цӀена а хир ду. 7Дерриге а халкъашна тӀетесна йолу шаршу а, массо а къаьмнаш дӀахьулдина долу кирхьа а дохийна дӀадоккхур ду Цо цу лам тӀехь. 8 aӀожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. 9Цу дийнахь эр ду: «ХӀара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кӀелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кӀелхьардахарна!»Муабина таӀзар дар
10 bВезачу Элан куьг Цийон-лома тӀехь ду, амма Муабин къам ша Ӏаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна. 11Нека дечо санна, цо куьйгаш тийсахь а, Дала цуьнан дозалла дар лахдийр ду цуьнан куьйгийн мекараллица цхьаьна. 12Цуьнан лекхачу пенийн чӀагӀо лаьтта а йожийна, чена юккъе охьайожор ю Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012