Isaiah 26
Везачу Элана хастам бар
1Цу дийнахь ЯхӀуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гӀала чӀогӀа ю.Гонах долу пенаш санна а,
арахула йолу чӀагӀонаш санна а,
Везачу Эло тхуна кӀелхьардовлар ло.
2ДӀаделла кевнаш,
Везачу Элан лаамехь долу,
Далла тешаме долу халкъ чудаийта.
3Шен дагахь дерг чӀагӀдийриг
Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву,
хӀунда аьлча иза Хьох тешна Ӏаш ву.
4Массо а хенахь Везачу Элах тешна Ӏаш хила,
веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела.
5Лакхахь Ӏаш берш Цо лахбира,
лакхахь йолу гӀала Цо лахйира.
Лаьтта тӀекхаччалц иза йохийра,
ченала Цо и гӀала йожийтира.
6ГӀело хьегначийн гӀулчаша а,
мискачу нехан когаша а
хьоьшуш ю и гӀала.
7Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу,
Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача.
8Ахь тӀедехкинаршца а лелаш,
Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо.
Хьан цӀе дагахь латто а,
Хьо хьехо а бен тхан лаам бац.
9Сан са буьйсанна Хьо волчу гӀерта,
ткъа Ӏуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху.
Хьан кхел лаьтта тӀехь кхочушхилча,
дуьнен тӀехь бехачарна нийсо Ӏема.
10Ӏесачу стагах къинхетам бича,
цунна нийсо Ӏемар яц.
Везачу Элан возалле ца хьожуш,
Делан лаамехь болчеран лаьтта тӀехь
зуламаш лелор ду цо.
11 aХьан куьг лаккха хьалаайина ду,
Ӏесачу нахана таӀзар дархьама,
Веза Эла, амма царна иза ца го.
Хьайн халкъе болу кӀорга безам
гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама.
Хьайн мостагӀашна леринчу цӀеро
берриш а дӀакхоллийла Ӏесанаш!
12Веза Эла! Ахьа синтем дӀахӀоттабо тхуна.
Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина.
13Тхан Веза Дела! Хьо воцург,
кхин олахой а хилла тхуна тӀехь куьйгалла деш,
амма Хьан цӀерана бен оха хастам ца бо.
14И белла олахой денлур бац,
церан синош гӀовттур дац.
Царна таӀзар а дина, Ахь уьш хӀаллакбина.
Царах йолу эсс Ахь ерриг а йохийна.
15Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла.
Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа,
лаьттан дозанаш шордина.
16Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура,
Хьан таӀзар ша ловш тийна доӀанаш дора цо.
17Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан
тӀе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош,
мохь хьоькхуш санна,
дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла.
18Берах долуш санна, бала а хьоьгуш,
оха дуьнен тӀе доккхург,
мох санна, даьсса хӀума ду.
Лаьттана кӀелхьардалар а ца делла оха,
дуьненан бахархой а ца эгийтина оха ▼
▼Я иштта: дуьнен тӀе керла нах а ца баьхна.
.19ХӀетте а, Хьан белларш денлур бу,
Хьан халкъан декъий гӀовттур ду!
Ченахь мел Ӏохкуш берш,
гӀовттий, хазахетарца мохь хьекха!
Ӏуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду,
Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо ▼
▼Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо – Ӏебархойн тептар иштта а кхета мега: ткъа Ахь лаьтте белларш денбойту.
».Халкъ юхаметтахӀоттор
20ДӀагӀо, сан халкъ, хьайн хӀусамаш чу а гӀой, неӀарш дӀакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгӀазалла дӀаяллалц. ХӀунда аьлча Веза Эла ву Шен хӀусамера араволуш лаьтта тӀехь бехачарна таӀзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тӀехь Ӏанийна долу цӀий, кхин къайлабохур бац байина нах.21
Copyright information for
CheCAC2012