a Аюб 40:20; Забур 73:14; 103:26.

‏ Isaiah 27

1 aЦу дийнахь Везачу Эло Шен чӀогӀачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таӀзар дийр ду Левиятан цӀе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХӀордан и саьрмик буьйр бу Цо.

2Цу дийнахь токхечу кемсийн бешах илли ала: 3«Со, Веза Эла, цуьнан хехо ву, Аса шен хеннахь хи туху цунна. Дийнахь а, буса а иза ларйо Аса, цхьаьнгге а цунна зе ца дайта. 4Оцу бешана йолу дералла Соьгахь кхин яц. Амма цхьаболчара, Суна дуьхьало еш, цу бешахь баьӀаш долу коьллаш йогӀахь, Аса, тӀамца царна дуьхьал а ваьлла, цӀе тосур яра царах массарах. 5Амма цхьаъ, Соьгара гӀо а эшна, Соьца барт бан вагӀахь, бе Соьца барт».

6ТӀедогӀучу деношкахь Якъубан тӀаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду.

7Шен халкъана ницкъ бечарна Ша таӀзар ма-дарра, таӀзар дорий те Везачу Эло Исраилна? Иза хӀаллакдеш хилларш хӀаллакбина ма-хиллара, халкъ хӀаллакдорий те Цо? 8Веза Эла, леррина а оьзна, Ахьа таӀзар дира цунна, цуьнца долу гӀуллакх къаста а дина, Ахь иза йийсаре дӀадигийтина. Малхбалера мох хьокхучу дийнахь санна, Ахь иза, Хьайн чӀогӀа хӀо а хьаькхна, дӀаэккхийна. 9Якъубан тӀаьхьенан къа иштта дӀадоккхур ду, цуьнан харцонаш дӀаяхархьама иштта мах дӀабала безаш бу: сагӀа доккху меттигашкахь лелош долчу тӀулгех халкъо жагӀанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахедийна Ӏохкур ду, ткъа цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчаш, дохийна, дӀадохур ду.

10ЧӀагӀйина гӀала яссалур ю, цуьнан хӀусамаш дӀатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоӀуш а, гаьннаш тӀера гӀаш дууш а хир ду иза. 11Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хӀуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац.

12Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тӀера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе кхаччалц, кӀа санна, ирхдугӀур ду, ткъа шу, исраилхой, тӀаьхь-тӀаьхьа гулдина хир ду.

13Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маӀа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогӀур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тӀехь Везачу Элана хьалха суждана гӀур бу уьш.
Copyright information for CheCAC2012