Isaiah 28
Къилбаседерачу пачхьалкхана дӀахьедар дар
1Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран ▼▼Эпраймхойн кочар – иза Шамран-гӀала ю, Исраилан къилбаседерачу пачхьалкхан паччахье йолу.
. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргӀалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогӀин коьрта тӀехь ду, амма тогӀин бахархой чагӀаро бахийна Ӏохкуш бу! 2Хьалдолчу Элан чӀогӀа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догӀу догӀа санна а, хӀаллакдеш болу мох санна а, чӀогӀа хитӀедалар санна а тӀелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду. 3Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар. 4Токхечу тогӀин коьрта тӀехь долу а, маргӀалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю – хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза. 5Цу дийнахь массо а ницкъийн Веза Эла исбаьхьа кочар а, хаза таж а хилла дӀахӀуттур ву Шен халкъах бисначарна. 6Цо кхелахошна нийсонца кхел яран лаам лур бу, ткъа гӀалин кевнера мостагӀий дӀалохкучарна доьналла лур ду. ЕшаӀ-ЯхӀу а, яхӀудхойн бехна пайхамарш а
7ЧагӀаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагӀаро галбоху. ЧагӀаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хӀиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гӀуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. 8Массо а стоьла тӀехь Ӏеттораш ю, цхьанхьа а цӀена меттиг яц. 9Цара боху: «Мила Ӏамо гӀерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дӀадаьхначу кегийчу берашний? 10ХӀунда аьлча „весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма“». 11 bДелахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду. 12Цаьрга бехира Цо: «ХӀара садаӀа меттиг ю, синтеме меттиг ю хӀара кӀадбеллачарна садаӀа!» Амма царна ладогӀа ца лиира. 13ТӀаккха царна Везачу Элан дешнаш хӀорш хир ду: «Весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма». Уьш, дӀа а бахана, аркъал а кхетта, хӀаллакьхир бу, гура чу а нисбелла, дӀалоцур бу.Цийонан соне биллина тӀулг
14Везачу Элан даше ладогӀа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тӀехь олалла деш болу. 15Аша боху: «Ӏожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, иза тхуна тӀе кхочур дац, хӀунда аьлча оха харцонах тхайн дӀалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». 16 cЦундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тӀе тӀулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тӀулг бу, ткъа иза соне буьхана дӀахӀоттийна бу. Цунах тешна Ӏаш верг ведда дӀаваха везаш вац. 17Бакъдолчух юстаран тӀийраг а, нийсонах гӀишло юстаран гирс а бийр бу Аса». Харцо дӀалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дӀайохур ю. 18Аша Ӏожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, цо шу охьатухур ду. 19Юх-юха цо, шу охьа а тухуш, схьалоьцур ду. ХӀора Ӏуьйранна иза шуна тӀелетар ву. Дийнахь а, буьйсанна а иза тӀелетар ву. Везачу Элан хаамах шаьш кхетташехь, шу Ӏадийна лаьттар ду. 20ДӀавуьжу мотт боца хир бу – ког дӀахеца, юргӀа готта хир ду – цу юкъа хьарча. 21 dВеза Эла гӀоттур ву, Паруцим-лам тӀехь санна, Иза оьгӀазгӀур ву, ГавӀонан тогӀи чохь санна, Цо Шен шатайпа гӀуллакх дийр ду, вай кхеташ боцуш болу Шен болх бийр бу Цо. 22Шаьш кхин а чӀогӀа холчу ца хӀиттийта, кхаьрдачуьра совца дезаш ду шу. Суна хезна массо а ницкъийн Везачу Элера, хӀаллакдар дерриге а лаьттана хир ду аьлла.Делан хьекъалалла
23Дика ладогӀалаш ас бохучуьнга, тидам белаш сан къамеле. 24Гуттар а хуьлий латталелорхо охуш, хӀу тасархьама? Гуттар а хуьлий иза мекха такхош шен лаьтта тӀехь? 25ХӀан-хӀа. Латта шардинчул тӀаьхьа, цо оччаман а, цицийн а хӀуш тосу. МогӀарашкахь цо кӀа дӀадоь, билгалъяьккхинчу меттехь мукх дӀабоь, ткъа дозанашкахь Ӏов дӀайоь. 26И къепе Дала Ӏамайо цунна. Цо хьехам бо цу стагана. 27Ша оччам оруш цунна тӀе беза гӀирс ма ца туху, ткъа цицашкахула цергаш йолу керчол ма ца хохку латталелорхочо. Оччам, гӀаж а етташ, чкъоьргех дӀакъестайо, ткъа цицашна тӀе хьокха бен ца туху. 28Шех бепиг до ялта хьоьшуш ду, амма иза кхоччуш ара ца деза. Ялта ору чкъургаш лелайо цунна тӀехула, амма говрашца иза хьоьшуш дац. 29Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла!
Copyright information for
CheCAC2012