‏ Isaiah 29

Ярушалайман кхоллам

1Везачу Эло боху: «Къа ду Ариалан, шена чохь Дауда меттамотт хӀоттийначу гӀалин! Цхьа шо вукху шаре далийта, цхьана шера чуьра деза денош даздайта. 2Амма Аса гӀайгӀа йойтур ю Ариале, белхар а, латкъам а хир бу цигахь. Иза Суна сагӀа доккхучу кхерчан юкъ
СагӀа доккхучу кхерчан юкъ – Ӏебархойн маттахь иза «Ариал» цӀеран маьӀна ду.
санна хир ю.
3Хьуна гонах меттаметтанаш дӀахӀиттор ду Аса, тӀеман бӀаьвнашца хьуна го а лаьцна, схьалацаран гӀирсаш хьуна дуьхьал ирахӀиттор бу. 4Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гӀалартан санна, хир ду хьан аз, чена кӀелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг.

5Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагӀий, къизачийн бӀош дӀасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦӀеххьана а, бӀаьрган негӀар тухучу юкъана а 6массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чӀогӀачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дӀакхоллучу цӀерца а гӀо дийр ду хьуна. 7ТӀаккха Ариална дуьхьал тӀом беш долчу къаьмнийн массо бӀош а, цунна а, цуьнан чӀагӀонашна а тӀелеташ болу мостагӀий а, цунна гӀайгӀа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гӀенах а санна, къайлабевр бу. 8Меца волчунна ша хӀума юуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза меца хуьлу, хьогах волчунна ша хи молуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза хьогах хуьлу. Иштта хир ду Цийон-ломана дуьхьал тӀом бечу массо а къаьмнийн бӀошна».

ДӀахьедаран тидам ца бар

9Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бӀаьрзе а де, бӀарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагӀаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза. 10 bВезачу Эло шуна чӀогӀа наб яийтина. Цо дӀакъевлина шун бӀаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дӀахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу). 11Делера болу муьлхха а хаам шуна мухӀар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хӀунда аьлча и тептар мухӀар тоьхна ду». 12Деша ца хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Суна деша ца хаьа».

13 cХьалдолчу Эло элира: «ХӀара халкъ баганца Суна тӀекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Ӏамийна долу парз бен дац. 14 dЦундела Аса кхидӀа а оцу къомана инзаре хӀуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Ӏаламат тамашийна гӀуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац».

15Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гӀертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гӀуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш. 16 eМа дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегӀа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХӀумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», – эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хӀуманах кхеташ вац», – эр дуй хӀумано?

17Кхин а жимма хан яьлча, Ливанунах беш хир яц, ткъа и беш, хьун санна, лорур яц?

18Цу дийнахь къорачарна тептар тӀера дешнаш хезар ду, Ӏаьржачу боданах паргӀат а баьккхина, бӀаьрзечеран бӀаьргашна са гур ду. 19Везачу Эло хазахетар лур ду шаьш кӀезиг хетачарна, мисканаш баккхийбеш хир бу Исраилан Везачу Делах, 20хӀунда аьлча кхин хир вац къизаниг, кхаьрдаш берш а дӀабевр бу, зуламна тӀехӀиттинарш а хӀаллакбийр бу. 21Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гӀалин кевнехь гӀуллакх къастош волчунна кӀело йо, эрначу къамелца нийса верг дӀатотту.

22ИбрахӀим кӀелхьарваьккхинчу Везачу Эло иштта боху Якъубан тӀаьхьенах лаьцна: «Якъубан тӀаьхье кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц, цуьнан юьхь кхин макхлур яц. 23ХӀунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тӀаьхьено еза лорур ю Сан цӀе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу. 24ТӀаккха са акха долучаьрга хьекъалалла дуссур ду, аьрхачарна ладугӀуш хила Ӏемар ду».
Copyright information for CheCAC2012