‏ Isaiah 3

Ярушалаймана таӀзар дар

1Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а массо а тайпана гӀо а, гӀоьнча а дӀаваккха хӀутту. Цо дӀабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а, 2турпалхо а, тӀемало а, кхелахо а, пайхамар а, пал тосург а, воккха стаг а, 3тӀеман хьаькам а, цӀеяхана верг а, хьехамча а, говза пхьар а, молханаш лелош верг а. 4Везачу Эло бераш хӀиттор ду, церан хьаькамаш хилийтархьама. КӀентий хир бу царна тӀехь олалла деш. 5Халкъана юкъахь цхьаммо вукхунна а, стага уллорачунна а гӀело йийр ю. Жимачо воккханиг лоруш хир вац, ладамбоцучо – лараме верг.

6ТӀаккха стага, шен ден доьзалехь волу ваша схьа а лаьцна, цуьнга эр ду: «Хьан тӀехулара бедар ю, тхан баьчча а хилий, хӀокху саьлнийн дола дехьа».

7Амма цо чӀагӀонца эр ду: «Соьга хӀумма а нислур дац нахана юкъахь, сан чохь бепиг а дац, тӀехулара бедар а яц, сох халкъан баьчча ма велаш».

8Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхӀудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна. 9Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара.

10Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хӀунда аьлча ша динчу дикачу гӀуллакхех пайда оьцур бу цо. 11Ткъа Ӏесачун къа ду, хӀунда аьлча ша динчу вочу гӀуллакхашна бекхам хир бу цунна.

12Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гӀело йо, зударша санна, олалла а до цунна тӀехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Ӏехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара.

Везачу Эло Шен халкъана кхел йо

13Кхел ян гӀаьттина Веза Эла, Иза лаьтташ ву халкъашна кхел ярхьама. 14Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хӀонсах шун цӀенош дуьзна ма ду! 15Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» – боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло.

Ярушалаймера зударшна дӀахьедар дар

16Везачу Эло элира: «Цийонан зударий, ца бешаш, кортош а айина, бӀаьргаш а кхерстош, курачу боларца когаш тӀера зӀенаш а екош, лела. 17Цийонан зударийн кортошна тӀехь чераш хуьлуьйтур ду Хьалдолчу Эло, церан хьаьжнаш дерзина дохуьйтур ду Везачу Эло, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».

18Цу дийнахь Везачу Эло хаза хӀуманаш цаьргара дӀайохур ю: когаш тӀера хаза зӀенаш а, коьртан бехчалгаш а, беттан суьртехь тӀеухку хӀуманаш а, 19лергах ухкургаш а, хӀазарш а, кирхьанаш а, йовлакхаш а, когийн туьтеш а, доьхкарш а, духӀи чохь долу шишанаш а, молханаш а, 20пӀелгах а, мерах а юхку чӀагарш а, 21тӀехулара а, чухулара а бедарш а, кирхьанаш а, бохчанаш а, 22сирла а, дуткъа а кӀадеш а, таьжнаш а, корталеш а.

23Хаза хьожа йогӀучу хӀуманан метта боьха хьожа йогӀу хӀума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта – кӀунзал, синкъераман бедаран метта – сингаттаман духар, хазаллин метта хӀост
ХӀост – бежана довзийта билгало яр.
хир ду.

24Хьан божарий туьро эгор бу, тӀамехь турпалхой лийр бу. ГӀалин кевнийн бӀогӀамаша гӀайгӀа йийр ю, уьш тийжаш а хир ду. Ша гӀала, ерзина зуда санна, яссийна лаьттахь Ӏаш хир ю.25

Copyright information for CheCAC2012