‏ Isaiah 30

Мисар-махкаца бартбар эрна ду

1«Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Ӏалашонаш хӀиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагӀаран сагӀанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тӀе кхиниг а тухуш. 2Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирӀуне гӀо дехархьама а, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъархьама а. 3Амма пирӀуно деш долу гӀо эхье хир ду шуна, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. 4Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоӀан-гӀалина а, Хьанас-гӀалина а тӀекхаччалц белахь а, 5берриге а яхӀудхой юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу шайна пайденна доцу и халкъ бахьанехь. Цуьнгара я гӀо а, я пайда а хир бац царна, амма эхь а, юьхьӀаьржо а хир ю».

6ХӀара бу НегӀаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дӀаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дӀабоьлху яхӀудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тӀедехкина, деза совгӀаташ хьо цара цхьана а агӀор шайна дан гӀо доцучу халкъана. 7Мисар-махко до гӀо цхьана а агӀор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цӀе: „Кхераме боцу саьрмик“, – аьлла».

Аьрха халкъ

8Везачу Эло элира: «ХӀинца, ваха а гӀой, экъан тӀехь дӀаязде иза царна, тептар тӀе язде, тӀейогӀучу ханна, гуттаренна а иза дисийта. 9ХӀунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогӀа ца лууш а ду. 10Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хӀиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. 11Бита нийса некъ, дӀадовла бакъдолчу новкъара. Тхуна ца лаьа шун Исраилан Везачу Делах лаьцна хаза“».

12Цундела иштта боху Исраилан Везачу Дала: «Сан дош емал а дина, гӀелонна а, гамделлачунна а тӀетевжина шу. 13ХӀара къа шуна хӀаллакьхиларна хир ду. И къа, хероно боькъу лекха пен санна, дӀасашорлур ду. Шу санна болу и пен охьабожа боллуш хир бу. ТӀаккха цӀеххьана пен охьабужур бу. 14И пен, кхийра кхаба санна, кегбина хир бу. Цуьнан кескаш юкъара цхьа а пайден хир яц. Царах цхьанна а чохь пешара цӀе я гӀун чуьра хи дӀахьойла дац».

15Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кӀелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан. 16Мелхо а, аша боху: «Говрашкахь девдда дӀагӀур ду тхо». ХӀаъ, шу девдда дӀагӀур ма ду! Аша боху: «Чехкачу говрашкахь тхо девдда дӀагӀур ду». ХӀаъ, амма шуна тӀаьхьабевллачеран говраш кхин а сиха хир ю! 17Шух эзар водур ву цхьана мостагӀчо шуна кхерам тесча, ткъа царах пхеаммо шу массо а водуьйтур ву. Шун эскарх хӀумма а юьсур яц, гунна буьххье йоьллина тӀехь байракх йолу гӀаж санна кӀезиг берш бен. 18Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хӀунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш.

19Ярушалаймехь Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гӀо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду. 20Хьалдолчу Эло шуна, халкъан нах, бепиг санна, гӀайгӀа лур ю, ткъа хи санна, гӀело лур ю. Делахь а, шуна хьехамаш бийриг кхин лечкъина хир вац. Шайн бӀаьргашца иза гур ву шуна. 21Шун лергашна хезар ду шайна тӀехьа аьлла дешнаш: «ХӀара бу некъ, цу тӀехула гӀо дӀа», нагахь шу, новкъа дӀадоьлхуш, аьтту я аьрру агӀор дӀадерзахь. 22ТӀаккха аша детица кхелина болу шайн цӀуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дӀадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла. 23Везачу Эло догӀа доуьйтур ду аша лаьтта дӀадийначу хӀуьнна тӀе, тӀаккха шун ялта хьийкъина а, токхе а хир ду. Шуьйрачу дежийлашкахь дежаш дуккха а даьхни хир ду шун. 24Аренашкахь болх беш долчу шун стерчаша а, варраша а шаданций, белаций, оруш, цӀанбина чоме хӀоъ буур бу. 25Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бӀаьвнаш йохийна хӀаллакйича, хӀора лекхачу лома а, хӀора боккхачу гунна а тӀера хин татолаш охьахьодур ду. 26Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхӀазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхӀ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дӀа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь.

Дала Ашур-махкана таӀзар дийр ду

27Хьажал, Веза Эла геннара схьавогӀуш ву, ткъа Цуьнан оьгӀазалла цӀе санна йогуш ю. Цуьнан хаам чӀогӀа хала а, беза а бу. Цуьнан балдашкахула арадолург дераллех дуьзна ду, ткъа Цуьнан маттаца дуьйцург дӀакхоллуш йолу цӀе санна ду. 28Цуьнан садеӀар логе кхаччалц хьаладаьллачу дистинчу хих тера ду. Цецаца Цо къаьмнаш дегадо, диканиг вочух дӀакъасторхьама. Халкъийн мочхалшна Цо гаьллаш йохку, церан новкъа тӀера уьш зуламечух дӀадигархьама. 29Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тӀехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тӀе, исраилхойн Тарха тӀе воьдучу стеган санна.

30Везачу Эло хӀоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгӀазаллин ницкъ гойтур бу Цо цӀераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тӀулгаш санна йолу къора тохарехула а, догӀанаш даийтарехула а. 31Везачу Элан аз хезча, ашурхой, кхерабелла, бегош хир бу. ГӀожаца санна, царна таӀзар дийр ду Цо. 32Везачу Эло царна Шен гӀаж мосазза туху, етташ жиргӀа а, локхуш дечиг-пондар а хир бу. Хьалаайинчу куьйгаца Цо тӀом бийр бу цаьрца. 33Дукха хенахь дуьйна Тупат цӀе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цӀе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кӀорга а, шуьйра а ю. Цу цӀерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза.
Copyright information for CheCAC2012