‏ Isaiah 31

Дала Ярушалайм ларйийр ю

1Къа ду Мисар-махка гӀо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гӀудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бӀо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гӀо а ца доьху цара. 2Амма Иза хууш ву, Ша деш дерг хӀун ду! Цо бохам боккхур бу, Шен дешнаш юхаоьцуш вац Иза. Харцонаш лелочу зуламечу нахана а, царна гӀо дечарна а дуьхьал Шен оьгӀазалла йоккхур ю Цо. 3Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гӀаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дӀахьажийча, гӀо доккхург тасалур ву, ткъа гӀо тӀелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хӀаллакьхир ву.

4Везачу Эло иштта элира соьга: «Ижуна тӀехь гӀигӀ деш лаьтта къона лом санна ву Со. Масийтта Ӏу цунна дуьхьал валархьама кхайкхича а, и лом церан маьхьарех ца къехка, церан гӀовгӀанех кхера а ца ло. Иштта массо а ницкъийн Веза Эла волу Со а хир ву, Цийон-лома а, цуьнан гунна а дуьхьал тӀом бархьама Со охьавоьссича. 5Олхазарш, шайн кӀорнеш ларъярхьама, бенашна тӀехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гӀала ларйийр ю. Цо и гӀала, дӀа а къевлина, кӀелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргӀатйоккхур ю Цо».

6Исраилхой, шаьш сел чӀогӀа дуьхьалдевллачу Далла тӀе юхадерза! 7Цу дийнахь шух хӀораммо а шен къа латийначу куьйгашца бина дато а, дашо а цӀуш дӀакхуьссур бу. 8«Адаман доцучу туьро дужуьйтур ду Ашуран къам, стеган доцучу туьро дӀакхоллур бу ашурхой. Туьрана хьалхара дӀабовдур бу уьш, церан кегийчу нахах лай хир бу. 9Уьш чӀогӀа тӀетевжинарг къематехь меттахдер ду, ткъа церан тӀеман хьаькамаш мостагӀийн байракхах кхоьрур бу», – боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе Цийон-лома тӀехь йогуш ю, цӀеран кхерч Ярушалаймехь бу.
Copyright information for CheCAC2012