‏ Isaiah 32

Нийсонца урхалла деш волу паччахь

1Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш. 2Царах хӀора а мохана дуьхьал йолу дӀалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тӀе доьжна лекхачу тархан ӀиндагӀ а санна хир ду. 3Адамийн бӀаьргаш кхин бӀарзбина хир бац, ткъа церан лергашца цара тидамца ладугӀур ду. 4Ойла ца ечеран хьекъал хӀума хууш а, цунах кхеташ а хир ду, мотт тиссалучара шера а дуьйцур ду. 5Ӏовдалах иза лараме ву кхин эр дац, ямартчух иза хьанал ву а эр дац. 6ХӀунда аьлча Ӏовдало сонта хӀума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Ӏесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Ӏаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту. 7Ямартчун гӀуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хӀаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь. 8Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цӀена долчунна тӀехь лаьтта иза.

Ярушалаймера зударий

9ГӀайгӀа йоцу зударий! Хьала а гӀовттий, ладогӀа соьга. Шаьш сашортехь бу моьттуш болу мехкарий! ЛадогӀа сан дешнашка. 10Шарал сов, кхин масех де даьлча, кхерамца дегош хир ду шу, гӀайгӀа йоцурш! ХӀунда аьлча кемсаш а лахьор яц, ялта чудерзо хан тӀе а кхочур яц. 11Бегало, гӀайгӀа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гӀодаюккъе сингаттаман духар дехка. 12Хьалха ка а етташ, делха шайн яйначу исбаьхьачу аренех, хьийкъина стом лучу кемсийн таьллангех. 13ГӀайгӀа е тӀехь коканан коьллаш а, кӀохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цӀенойх а, йоккхаеш хиллачу гӀаланах а. 14ХӀунда аьлча гӀап дӀатесна хир ю, гӀовгӀане гӀала а яссалур ю. ГӀалара цӀенош а, шайна тӀехь ха деш йолу бӀаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагӀий а лелар ду, 15лакхара вайна тӀе Делан Са доссийтталц. ТӀаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю. 16Нийсо дӀахӀуттур ю яьссачу арахь, бакъдерг лаьттар ду хьийкъинчу бешахь. 17Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц. 18ТӀаккха сан халкъ машаречу хӀусамашкахь Ӏийр ду, кхерам боцучу цӀеношкахь а, паргӀато йолчу садоӀучу меттигашкахь а. 19Делахь а, къорано хьун йохор ю, ткъа гӀала ерриг а лахйийр ю. 20Декъала ду шу, хӀунда аьлча дерриге а хишна уллохь ялта дӀаделур ду шуьга, шайн бежанаш а, варраш а паргӀат яжийталур ю шуьга.
Copyright information for CheCAC2012