Isaiah 33
ГӀо доьхуш долу доӀа
1Къа ду хьан, халкъ, чӀана даьккхина доцу чӀана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чӀана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чӀана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. 2Веза Эла! Къинхетам бехьа тхох, Хьох ю-кха тхан дегайовхо. Лардехьа тхо хӀора дийнахь, кӀелхьар а дахахьа, хала хан тӀееача. 3ЧӀогӀа гӀовгӀа хезча, халкъаш дӀадовдур ду. Хьо хьалагӀаьттича, къаьмнаш дӀасадаьржар ду. 4Аша дӀаяьккхина хӀонс, цӀазо дӀакхаьллича санна, дӀалахьор ю, цӀазийн жӀуга тӀелетча санна, шун хьолана тӀелетар бу. 5Ма сийлахь ву лакхахь Ӏаш волу Веза Эла! Нийсо ярх а, бакъдерг лелорах а хьалаюзур ю Цо Цийон. 6Веза Эла халкъан заманашкахь чӀогӀалла хир ю. Цо алссам кӀелхьардахар лур ду, хьекъалалла а, вовзар а луш. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзна хилар – иза халкъан хазна хир ю. 7Хьовсал, церан майра къонахий урамашкахь, гӀо доьхуш, маьхьарий хьоькхуш бу, ткъа машарна арабевлла векалш къаьхьа боьлхуш бу. 8Некъаш а дассаделла, дӀасалелаш некъахой а бац. Барт а бохийна, цуьнан тешаш а емалбина бу ▼▼Цхьана ширачу тептар тӀехь: цуьнан тешаш а емалбина бу. Ӏебархойн тептар тӀехь: гӀаланаш емалйина ю.
, цхьа а вац лоруш. 9Латта гӀайгӀа а еш, гӀел а луш Ӏуьллу. Ливанунан хьаннаш тӀе эхь деана а, маргӀалйоьлла а ю. Шарон-тогӀи яьссачу аренах таръелла. Башан-мохк а, Кармал-лам а дерзина девлла, шайн дитташ тӀера гӀаш охьа а эгна. Везачу Эло Шен мостагӀашна дӀахьедар дар
10«ХӀинца Со гӀоттур ву, – боху Везачу Эло. – ХӀинца Со лекха а, веза а хилар гойтур ду Ас. 11Аш хӀиттош йолу Ӏалашонаш эрна ю, хӀора аш деш долу гӀуллакх пайденна дац. Шун садеӀар шу дӀакхоллу йолу цӀе ю. 12Кхехкаш болу кир санна, халкъаш дохийна хир ду, хедийна коканан коьллаш санна, цӀерга кхуьссур ду уьш. 13Аша, генарчара, ладогӀа Ас динчуьнга, ткъа шуна, уллорачарна, бовза Сан ницкъ!» 14Цийон-лома тӀехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Ӏеса нах бегош бу: «Вайх мила Ӏалур ву дерриг а дӀакхоллучу цӀерана уллохь? Вайх мила Ӏалур ву йовр йоцучу цӀерана уллохь?» 15Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хӀума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дӀакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бӀаьргаш дӀакъовлуш верг а ву – 16иштта волу стаг лакхенашкахь Ӏаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гӀап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза.Сийлахь хиндерг
17Хьан бӀаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду. 18Хьуна дагахь лаьттар ду хьалха хилла Ӏазапаш: «Мичахь ву адамаш дӀаяздеш лелларг? Мичахь ву ял йоккхуш верг? Мичахь ву бӀаьвнаш лоруш верг?» 19Хьуна кхин гур дац Ӏаьржа а, ца кхеташ а долу къамел а, тамашийна а, ца бевзаш а болу мотт буьйцу дегала халкъ. 20Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гӀалане Цийоне дӀахьажал. Хьан бӀаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чӀагӀдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац. 21Цигахь Сийлахь волу Веза Эла вайна шуьйра хиш а, Ӏовраш а санна хир ву. МостагӀийн пийсакашца лелош долу а, четарца лелош долу а хинкеманаш чудогӀур дац цига. 22ХӀунда аьлча Веза Эла вайн кхелахо ву, Веза Эла вайн Ӏедал кхоллархо ву, Веза Эла вайн паччахь ву. Цо кӀелхьардохур ду вай. 23МостагӀчун машшаш лагӀделла, цаьрга мачтанаш а ца латтало, четарш а ца лелало. ТӀаккха йоккха хӀонс екъар хир ду, ур-атталла астагӀчара а схьаяьхна хӀуманаш дӀаяхьар ю. 24Цийонехь Ӏаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду.
Copyright information for
CheCAC2012