‏ Isaiah 34

Дала Шен мостагӀашна таӀзар дийр ду

1ТӀедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугӀуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тӀехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дӀахезийла! 2Веза Эла массо а халкъана оьгӀазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хӀаллакбан билгалбехира, уьш байа дӀабелира. 3Церан байинарш дӀасакхиссина хир бу, церан декъашна тӀера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цӀийно. 4 aСтигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тӀера чудужу гӀа санна а, инжиран дитта тӀера маргӀалдоьлла гӀа санна а, чудужур ду.

5 bВезачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза». 6Везачу Элан тур цӀийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Ӏахарийн а, бежалойн а цӀийх дузур ду, уьстагӀийн жаннаш тӀерачу махьарх а дазлур ду иза. ХӀунда аьлча Бацар-гӀалахь сагӀа даккхар а, Эдоман лаьтта тӀехь, доккха цӀий Ӏанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. 7Цаьрца цхьаьна бугӀанаш а, старгӀанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цӀий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю. 8Везачу Эло бекхам баран де а, мостагӀех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гӀуллакх лардийр ду Цо.

9Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дӀахӀуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду. 10 cДийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа. 11Куьйранаша а, зуьнаша а дӀалоцур ду и латта, ткъа бухӀанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. 12Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тӀехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дӀабевр бу. 13КӀохцалш долу коьллаш дезачу цӀеношкахь кхуьур ю, баьӀаша а, нитташа а гӀепаш къайлайохур ю. ЧангӀалкхаш а, бухӀанаш а Ӏийр ю цигахь. 14Яьссачу аренан акхарой акхачу жӀаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Ӏоьхуш. Буьйсанан гӀаларташ хир ду цигахь садоӀуш а, шайна синтем лоьхуш а. 15БухӀано, бен а бина, тевна хиъна, хӀоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кӀорнеш шен тӀемийн ӀиндагӀехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье.

16Везачу Элан тептар тӀехь схьа а лахий, дӀадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хӀунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна. 17Цо Ша тесна царна кхаж, Цуьнан куьйго шен барамца декъна царна. Массо а хенахь цара дола дийр ду цу лаьттан, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь цунна тӀехь Ӏийр ду уьш.
Copyright information for CheCAC2012